Отдело 2014-2018 шш. биначу балхах

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отдело 2014-2018 шш. биначу балхах Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьн а, Правительствон а Администрацин юкъараллин кхиаран урхаллин куьйгалхочуьн И.И. Ахмадовн Администрацин Куьйгалхочун А.М. Израйиловн  нохчийн мотт кхидIа а кхиоран, нохчийн маттахь йолчу исбаьхьаллин литературин а, хаамийн гIирсийн а мах хадоран Экспертни кхеташонан цхьаьнакхетарна кечам баран хьокъехь тӀедиллар кхочушдеш диначу дехарца кечйина информации.

Схьаэца

 

РОГӀЕРА ЦХЬАЬНАКХЕТАР

Кхаарин-дийнахь — 4.07.2018, хӀор а кӀирнахь санна, НРIА тховкӀелахь ф.-м.Ӏ.к. Умархаджиев Салавдис куьйгалла дечу пайде семиотикин отделехь дӀаяьхьира рогӀера нохчийн меттан локализаци яран, кхечу кепара аьлча компьютерна нохчийн мотт «Ӏамон» хьокъехь, семинар!

Иштта семинар дӀайолош дийцаре дира академера керланаш: хьалхарчу кӀирнахь дӀаяьхьна НР ӀА шеран гулам а, цигахь академин Президенто Гапуров Шахьруддис йина отчет а, академин академик хоржуш дӀабаьхьна харжамаш а, цигахь хаьржинчу Халидов Муса академин академик харжар хьакъхилар тӀе а чӀагӀдеш. Иштта Умархаджиев Салавдис довзийтира шен а, СПИИРАН куьйгалхочуьнца т.Ӏ.д. РАН профессорца Андрей Леонидович Ронжинца хилла къамел. Салавдис хаийтира Израилова Элисас юьхьарлаьцначу гӀуллакхана – нохчийн маттана синтез а, нейронни маша а кечьеш фонетико –акустически база кечьярехь, шегара оьшшу, шайн карахь долчуьнца гӀо-аьтто бийриг хиларца дог тешош Андрей Ронжинс дог тешош бина хаам.

Султанов Зелима хаийтира, ша бечу талламехь гучудаларца, вайнзаманерчу авторийн нохчийн меттан йоза Мациев нохчийн-оьрсийн дошама тӀехь ялийнчу лексикех мел къаьста.

Бадаева Ӏайшата а, Бекаев Мовсара а дийцира нохчийн меттан словник шоръярехь а, кхачам боллуш дӀахӀотторехь шаьш дӀахьуш болчу белхех лаьцна.

Иштта Асхабов Хаважис бовзийтира нохчийн маттахь яздан аьтто бен ша хӀоттийнчу программин функцеш алсамъяхарехь ша бина болх

Цул сов семинарехь дийцаре дира ГРАНДаш хьокъехь муьлха агӀо лаьцна дакъалаца тарлур дара те аьлла а.

Иштта гуттар санна цигахь дакъалоцуш вара ф.I.к. Альбеков Нурвадис куьйгалла дечу меттан а, литературин а отделан белхахо а – Абдулкадыров Адам а.

 

«DoshStat» программин тоьшалла

ХӀокху деношкахь отделан белхахоша йина йолу «DoshStat» программин тоьшалла схьакхаьчна. И программа нохчийн маттахь йолу тексташкахь дешнийн кест-кесталлица боьзна талламашна лерина ю. И санна йолу программашна юккъехь, нохчийн мотт «хаарал» сов, кхин а цхьацца техникин агӀо башхаллаш ю DoshStat-ан. Масала, цо яккхий файлаш (1-2 млн. дош чулоцуш йолу) чӀогӀа сиха толлу. Цул сов, цкъа дӀайолийча, цо масийтта тайпана файлашца цхьаьна болх бо: pdf, txt, doc, docx, odt, xlsx, htm, html, rtf.
Кхин а цхьацца гӀуллакхаш кхочушдо оцу программо, талламхошна пайдехь хир долуш: шена билгалйиначу хӀора а файлехь ша-ша къастош я йоллу базин юкъара а дешнийн а, хьаьркийн а дукхалла гойту; къастийначу билгалонашца догӀу дешнаш схьалоху; тексташкахь хӀора а дешан лелоран луьсталла гойту (проценташкахь).
Программа кестта, шуьйрачу гонна тӀекхочехь хир йолуш, интернет чу йоккхур ю.

Нохчийн меттан Денна лерина конференци

Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара.

Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца.

Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а

.

Нохчийн Меттан Денна Лерина Конференцин Материалаш

 

 

Евзаш йолу Ӏилманча Академехь хьошалгӀахь

Март беттан 24-чохь пайде семиотикин отделе хьошалгӀа еънера вайн махкахь а, махкал арахьа а евзаш йолу нохчийн меттаӀилманча Хамидова Зулай.

Зулайс, Ӏилманехь болх бина ца Ӏаш, нохчийн мотт баржорехь, марзбарехь къахьоьгу. Иштта цуьнан араевлла нохчийн мотт цахуучарна пайдехь хир йолуш дуккха а книгаш: берашна лерина «Нохчийн мотт Ӏамабе вай» сери, нохчийн-оьрсийн къамелдарг, «Къамел де вай» книга, транскрипци а ялош, вовшахтоьхна нохчийн-оьрсийн дошам, кхиерш а.

Зулайс шен араевллачу книгех, царна тӀехь ша бечу балхах дийцира отделан белхахошка. Цо дийцарехь, Москвара тайп-тайпана учрежденешкахь а лаккхара мах хадийна цуьнан белхийн. Иштта З. Хамидовас нохчийн орфографин, графикин хьокъехь шена хетарг элира, цо цу декъехь йолу проблемаш а, уьш дӀаяхаран некъаш а билгалдехира. Отделехь бечу балхах лаьцна лерина ладуьйгӀира Зулайс, цо йоккхаерца билгалдаьккхира и болх чӀогӀа мехала хилар. Деза совгӀат хилла тӀеийцира С. Умархаджиевн, А. Ахматукаевн математикин терминийн нохчийн-оьрсийн дошам, отделан белхахоша вовшахтоьхна йолу компьютерийн лексикин дошам.

 

РОГӀЕРА ЦХЬАЬНАКХЕТАР

ДӀадаханчу кхаарин дийнахь отделехь рогӀера цхьанакхетар дӀадаьхьира. Бийцаре беш, коьртачу декъана, отделан белхахоша компьютерийн программийн нохчийн локализацехьа бен карара болх бара.

Меттан а, литературин а декъан Ӏилман белхахочо Абдулкадыров Адама ша лексикографехь бечу балхах дийцира. Карарчу ханна нохчийн меттан тезауруссий, синонимийн дошаммий чекхъяьккхина цо. И ший а болх 2018 шарахь арахеца безаш бу. ХӀинца ша керла болх дӀаболийна хилар хаийтира цо – нохчийн меттан ранган кестталлин дошам.

Абдулкадыров Адама бен белхаш нохчийн мотт хаамийн декъехь баржарехь йоккха мехала йолуш бу. Оцу белхийн материалах программаш чохь пайдаэца таро хилийта агӀонаш лохуш ву пайде семиотикин отделера Ӏилман белхахо Султанов Зелим. Уггар хьалха и информаци редакторш чу йилла еза, хӀунда аьлча, дукхахьолахь текстаца болх бечара оьцу цу хаамех пайда. Зелим карарчу хенахь Абдулкадыров Адама хӀоттийна тезаурус тайп-тайпана редакторш чу яккхаран технологи караерзош ву.

Султанов Зелимца цхьаьна пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилман белхахо Асхабов Хаважи а ву нохчийн мотт Linux ОС чохь баржоран некъаш толлуш. Цара дийцира нийсаяздар толлу пограмми чу и баккхаран некъех лаьцна, иштта нохчийн мотт цу декъехь баржо танлерачу дийнахь Академин йолчу таронех а. Билгалдаьккхира LibreOffice программи чу нохчийн мотт билла цхьаьнггара а бакъонаш я гӀо оьшуш цахилар, Академин белхахойн, шаьш нохчийн меттан дистрибутив вовшах а тоьхна, и интернет чохь яржо йиш хилар а.

Отделан Ӏилман белхахо Бекаев Мовсар нийсаяздар толлу программи чу йилла нохчийн меттан базин яцйина вариант кечъеш ву. Мовсара дийцира, цу юкъадохуьйту дешнаш схьахоржуш, уьш нисдеш, ша бечу балхах. Цо дийцарехь, таханлерачу дийнахь зорбанехь билгалдаьларг – исбаьхьаллин литературехь а, газеташкахь, журналашкахь, Ӏилман литературехь – дерриг а 200 000 сов бен дош дац (цу юкъа йоьлху дешнийн кепаш а). Цундела редакторшкахь лелаен база отделехь хӀоттийна йолу базел уьттазза жима хир ю.

Эльсаев Якъубана отделехь хӀиттийна программаш Linux ОС чохь лелалур йолуш нисъяр тӀедиллинера. Уггар хьалха «Elp-Ӏ» программа нисъян езаш ву и. Якъуба дийцира ша цу декъехь биначу талламех а, балхах а.

2017 шеран тӀаьххьара кхеташо

Декабран 27 дийнахь тӀаьххьара цхьаьнакхетар дӀадаьхьира пайде семиотикин отделехь.

Шарахь тӀаьххьара йолу семинар кечйиначу стоьлана гонахьа дӀаяхьар ламасте дирзина ду отделехь. Кху шарахь а иштта паргӀат а, самукъане а дӀадахара рогӀера цхьаьнакхетар. Умархаджиев Салаудис дӀадаханчу шеран жамӀаш а деш, тӀейогӀучу ханна цхьацца декхарш билгалдехира. Иштта цу хьокъехь дош делира отделан белхахошка.

КхидIа еша…

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отделан белхан коьрта жамӀаш

Программаш
2017 шарахь отделан белхахоша нохчийн маттаца болу балхана лерина масех программа йина. Царах цхьаерш отделехь бен болх аттачу боккхуш йина белхан программаш ю, амма цхьаерш шуьйрачу гонашкахь пайдаэца йиш йолуш приложенеш а ю.
Царех цхьаъ ю нохчийн меттан тезаурусан коьчалца балхана лерина «Нохчийн тезаурус» веб-программа (http://ps95.ru/tezaurus/). Оцу программо таро ло нохчийн маттахь дешнийн синонимашца а, иштта вовшашца зӀенаш йолу кхетамаш билгалбен дешнашца а болх бан. КхидIа еша…

Нохчийн мотт редакторш чу билларехьа белхаш

Декабран 13-чохь отделехь Ӏилманан семинаран рогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьира. Биначу балхах докладаш еш Ӏилманан хьалхара белхахо Асхабов Хаважий, Ӏилманан белхахо Бекаев Мовсаррий вара.

КхидIа еша…

Наверх