Хаамаш зарбане яьхнарг: admin

Word программи чохь нохчийн мотт хилийта

Отделехь болийначу белхех юьхьанца дуьйна коьртачех лоруш дӀахьуш бу нохчийн маттахь йолу текстан нийсаяздар толлу программа ярехьа беш болу талламаш, практикин белхаш. Цу хьокъехь отдел йилличхьана массо агӀора тайп-тайпана белхаш бина белхахоша: офрографин цхьадолу хаттарш къасторна тӀера грамматикин башхаллийн алгоритмаш хӀитторна тӀе кхаччалц.

КхидIа еша…

Оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам

Хууш ма-хиллара, мотт цхьана гӀуллакхехь лело баьккхича, цо кхиарехьа керла гӀулч йоккху, хӀунда аьлча, оцу хьело меттан керла гӀирсаш, кепаш лоьхуьйту, оцу маттах пайдаэцар мелла совдоккху. Ткъа информацин технологишна мотт юкъабалор – иза и процесс къаьсттина жигарйоккхур йолуш болх бу. Таханлерачу дийнахь дешар, Іилма, искусство, юкъараллин институташ – оцу массо а сферашкахь хьашташ кхочушдеш ю информацин технологиш. Меттан коьчалца болх беш йоцу программашца а шатайпа «къамел» хуьлу пайдаэцархочун: интерфейс, нисдарш, программин башхаллаш – и дерриг маттехула бен хила йиш яц. Цундела компьютерца болу болх бан йиш йолу меттан леларан сфераш дуккха а шорло.
Амма маттах цхьана керлачу декъехь пайдаэцар долалучу хенахь оцу маттахь терминологин бух ца хилча, цу хьокъехь дечу къамелийн а, хаамийн а хатӀ лахарчу тӀегӀанехь хуьлу, цул сов, хӀорамма а кхетамийн чулацам шена-шена хета гӀирсашца гайтарна, цхьа кхетам билгалбеш тайп-тайпана дешнаш хуьлу, ткъа цхьана дешан тайп-тайпана хьостанашкахь – масийтта маьӀна. Цундела керла отраслехь мотт баржар доладелча, цу декъехь терминийн бух кхолларехьа болх дӀабахьа беза.

КхидIа еша…

Наверх