Категорица хаамаш: Керланаш

Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов

Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс.

Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду. КхидIа еша…

Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса.

Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе балорехь а чIогIа маьIна долуш хилар, цо массаьрга а дийхира и йийцаре ярехь жигара дакъалацар, хIорамма шена хетарг а олуш. КхидIа еша…

Нохчийн-оьрсийн дошаман электронан аналог кечйина

Создан электронный аналог чеченско-русского словаря

2014 шеран мартан 25 дийнахь пайде семиотикин отделан белхалоша А.Г. Мациевн нохчийн-оьрсийн дошам (Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. ГИИНС. М., 1961) терахьийн кепехь кечъеш бен болх чекхбаьккхина.

Цул хьалха кхоьллинера Карасаевн, Мациевн оьрсийн-нохчийн дошаман электронан вариант (Карасаев А. Т., Мациев А.Г. Русский язык. М., 1977). Оцу шинна а дошаман электронан варианташ кхоччуш оригиналашца йогIуш ю. Царна юкъахь хIиттийна ю мукъа аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, идиомийн хьаьркаш, кхин лерина йолу хьаьркаш. КхидIа еша…

Наверх