Категорица хаамаш: Семинараш

РОГӀЕРА ЦХЬАЬНАКХЕТАР

Кхаарин-дийнахь — 4.07.2018, хӀор а кӀирнахь санна, НРIА тховкӀелахь ф.-м.Ӏ.к. Умархаджиев Салавдис куьйгалла дечу пайде семиотикин отделехь дӀаяьхьира рогӀера нохчийн меттан локализаци яран, кхечу кепара аьлча компьютерна нохчийн мотт «Ӏамон» хьокъехь, семинар!

Иштта семинар дӀайолош дийцаре дира академера керланаш: хьалхарчу кӀирнахь дӀаяьхьна НР ӀА шеран гулам а, цигахь академин Президенто Гапуров Шахьруддис йина отчет а, академин академик хоржуш дӀабаьхьна харжамаш а, цигахь хаьржинчу Халидов Муса академин академик харжар хьакъхилар тӀе а чӀагӀдеш. Иштта Умархаджиев Салавдис довзийтира шен а, СПИИРАН куьйгалхочуьнца т.Ӏ.д. РАН профессорца Андрей Леонидович Ронжинца хилла къамел. Салавдис хаийтира Израилова Элисас юьхьарлаьцначу гӀуллакхана – нохчийн маттана синтез а, нейронни маша а кечьеш фонетико –акустически база кечьярехь, шегара оьшшу, шайн карахь долчуьнца гӀо-аьтто бийриг хиларца дог тешош Андрей Ронжинс дог тешош бина хаам.

Султанов Зелима хаийтира, ша бечу талламехь гучудаларца, вайнзаманерчу авторийн нохчийн меттан йоза Мациев нохчийн-оьрсийн дошама тӀехь ялийнчу лексикех мел къаьста.

Бадаева Ӏайшата а, Бекаев Мовсара а дийцира нохчийн меттан словник шоръярехь а, кхачам боллуш дӀахӀотторехь шаьш дӀахьуш болчу белхех лаьцна.

Иштта Асхабов Хаважис бовзийтира нохчийн маттахь яздан аьтто бен ша хӀоттийнчу программин функцеш алсамъяхарехь ша бина болх

Цул сов семинарехь дийцаре дира ГРАНДаш хьокъехь муьлха агӀо лаьцна дакъалаца тарлур дара те аьлла а.

Иштта гуттар санна цигахь дакъалоцуш вара ф.I.к. Альбеков Нурвадис куьйгалла дечу меттан а, литературин а отделан белхахо а – Абдулкадыров Адам а.

 

РОГӀЕРА ЦХЬАЬНАКХЕТАР

ДӀадаханчу кхаарин дийнахь отделехь рогӀера цхьанакхетар дӀадаьхьира. Бийцаре беш, коьртачу декъана, отделан белхахоша компьютерийн программийн нохчийн локализацехьа бен карара болх бара.

Меттан а, литературин а декъан Ӏилман белхахочо Абдулкадыров Адама ша лексикографехь бечу балхах дийцира. Карарчу ханна нохчийн меттан тезауруссий, синонимийн дошаммий чекхъяьккхина цо. И ший а болх 2018 шарахь арахеца безаш бу. ХӀинца ша керла болх дӀаболийна хилар хаийтира цо – нохчийн меттан ранган кестталлин дошам.

Абдулкадыров Адама бен белхаш нохчийн мотт хаамийн декъехь баржарехь йоккха мехала йолуш бу. Оцу белхийн материалах программаш чохь пайдаэца таро хилийта агӀонаш лохуш ву пайде семиотикин отделера Ӏилман белхахо Султанов Зелим. Уггар хьалха и информаци редакторш чу йилла еза, хӀунда аьлча, дукхахьолахь текстаца болх бечара оьцу цу хаамех пайда. Зелим карарчу хенахь Абдулкадыров Адама хӀоттийна тезаурус тайп-тайпана редакторш чу яккхаран технологи караерзош ву.

Султанов Зелимца цхьаьна пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилман белхахо Асхабов Хаважи а ву нохчийн мотт Linux ОС чохь баржоран некъаш толлуш. Цара дийцира нийсаяздар толлу пограмми чу и баккхаран некъех лаьцна, иштта нохчийн мотт цу декъехь баржо танлерачу дийнахь Академин йолчу таронех а. Билгалдаьккхира LibreOffice программи чу нохчийн мотт билла цхьаьнггара а бакъонаш я гӀо оьшуш цахилар, Академин белхахойн, шаьш нохчийн меттан дистрибутив вовшах а тоьхна, и интернет чохь яржо йиш хилар а.

Отделан Ӏилман белхахо Бекаев Мовсар нийсаяздар толлу программи чу йилла нохчийн меттан базин яцйина вариант кечъеш ву. Мовсара дийцира, цу юкъадохуьйту дешнаш схьахоржуш, уьш нисдеш, ша бечу балхах. Цо дийцарехь, таханлерачу дийнахь зорбанехь билгалдаьларг – исбаьхьаллин литературехь а, газеташкахь, журналашкахь, Ӏилман литературехь – дерриг а 200 000 сов бен дош дац (цу юкъа йоьлху дешнийн кепаш а). Цундела редакторшкахь лелаен база отделехь хӀоттийна йолу базел уьттазза жима хир ю.

Эльсаев Якъубана отделехь хӀиттийна программаш Linux ОС чохь лелалур йолуш нисъяр тӀедиллинера. Уггар хьалха «Elp-Ӏ» программа нисъян езаш ву и. Якъуба дийцира ша цу декъехь биначу талламех а, балхах а.

2017 шеран тӀаьххьара кхеташо

Декабран 27 дийнахь тӀаьххьара цхьаьнакхетар дӀадаьхьира пайде семиотикин отделехь.

Шарахь тӀаьххьара йолу семинар кечйиначу стоьлана гонахьа дӀаяхьар ламасте дирзина ду отделехь. Кху шарахь а иштта паргӀат а, самукъане а дӀадахара рогӀера цхьаьнакхетар. Умархаджиев Салаудис дӀадаханчу шеран жамӀаш а деш, тӀейогӀучу ханна цхьацца декхарш билгалдехира. Иштта цу хьокъехь дош делира отделан белхахошка.

КхидIа еша…

Нохчийн мотт редакторш чу билларехьа белхаш

Декабран 13-чохь отделехь Ӏилманан семинаран рогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьира. Биначу балхах докладаш еш Ӏилманан хьалхара белхахо Асхабов Хаважий, Ӏилманан белхахо Бекаев Мовсаррий вара.

КхидIа еша…

Нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх

tez12-чу нойабрехь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьнатоьхна семинар дӀайаьхьира. Доклад йеш пайде семиотикин отделан лакхара Ӏилманан белхахо Асхабов Хаважий, меттан а, литературин а отделан лахара Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адаммий вара. Церан доклад нохчийн меттан тезаурус йаран, цунах информацин технологийн декъехь пайдаэца гӀирсаш кхолларан хьокъехь йара. Абдулкадыров Адам нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх беш ву, ткъа Асхабов Хаважи цунна хьаьркийн чкъуьйриг (цифровая оболочка) кхуллуш ву. Чкъуьйриган хила йеза цхьацца бешхаллаш билгалйаьхнера Абдулкадыровс. КхидIа еша…

Нохчийн пилгу кхолларехьа болх

kbd1

Октябран 12-чохь Ӏилманан семинаран рогӀера кхеташо дӀайаьхьира пайде семиотикин отделехь. Кхеташонехь отделан белхахоша дӀахьуш долу гӀуллакхаш дийцаре дира. Царех цхьаъ дара нохчийн мотт мобиле системашкахь баржаран хаттарш. ТӀаьхьрчу шерашкахь цу новкъахь хьалхара гӀулчаш хаало. Иштта IOS системи чохь кӀиран денош нохчийн маттахь гойтуш нисдан йиш йу. Android системехь нохчийн маттахь йаздеш аьтто кхуллуш белхаш а бина. Масала, Google Play чохь ду Argyn пайдаэцархочо нохчийн «Ӏ» элп юкъа а тухуш, кечдина пилгу. Иштта, М. Бекаевс, И. Хасахановс кечйина SwiftKey пилгунан Beta-верси а. Нохчийн дошамаш чуйехкина программаш а карайо. КхидIа еша…

РогӀера цхьаьнатоьхна семинар

Презентация Хаважа1ДӀадаханчу цхьаьнакхетарехь шайна тӀе тидам бохуьйтуш докладаш йира семинаран декъахоша.

Хьалха доклад йеш пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилманан белхало волу Асхабов Хаважи вара. Цуьнан доклад отделан белхалоша кечйиначу дешнийн гуларан анализах йара. Хаважис и анализ кхочушйан йина программаш гайтира. Хьалхара программо документа чохь йух-йуха далийна долу дешнаш схьа а къестош, уьш масазза далийна ду дагар а деш, и хаамаш кхечу документа чохь билгалбоху.

И болх чекхбаьккхинчул тӀаьхьа кхидӀа дешнийн гулар йузуш программа а гайтира Асхабов Хаважис. Цо, тайп-тайпана хьостанашкара тексташкахь дан а долуш, гулар йуккъехь доцу дешнаш схьа а лохуш, уьш цхьана документа чохь гулдо. КхидIа еша…

Нохчийн маттана программаш кечйар

ДӀадаханчу кхаарийн дийнахь вовшахтоьхна йолу семинар нохчийн маттахь тексташца болх бечарна аьттонна отделан белхалоша программаш кечйеш дӀахьуш болу белхан хаттаршна лерина йара.

Белхалоша йийцаре йира отделан Ӏилманан лахара белхалочо Астемиров Арсламбека йеш йолу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн онлайн дошам. Кечйархочо бахарехь, оцу программи тӀехь болу болх цхьа а духьлонаш йоцуш дика дӀабоьдуш бу, цундела пайдаэцархойн кестта аьтто хир бу отделан сайта тӀехь и дошам лело. Иштта чекхбаьлла лара мегар болуш бу «Dasho Dosham» программи тӀехь болу болх а. Нохчийн тайп-тайпана дошамаш чулоцуш йолу и программа сайта тӀера схьа а эцна компйутерш тӀехь лело йиш йолуш хир ю.

ШолгӀа доклад отделан Ӏилманан хьалхара белхалочо Асхабов Хаважис йира. Цо, шена оцу программех хетарг а олуш, цуьнан таронаш шорйан некъаш хьийхира. Цул сов, Хаважис ша йеш йолу программа а гайтира. Цо билгал ма-даккхара, и программа коьртачу декъана нохчийн морфлоги а, морфемика а толлучу филологашна лерина йу. КхидIа еша…

ТӀейогӀучу ханна декхарш


IMG_20151209_151845
Йанварь беттан 28-чу дийнахь пайде семиотикин отделехь рогӀера семинар дӀайахара. НР ӀА нохчийн орфографин хьокъехь бина сацамца доьзна хьалха лаьтта декхарш дара дийцаре деш.

Нохчийн орфографин цхьайолу керла бакъонаш Академино къобалйеш тӀеэцаро орфографица доьзна цхьацца хаттарш бахьанехь кхидӀа дӀабахьа йиш йоцуш сецна лаьтта болх чекхбаккха таро ло. Уггар хьалха чекхабаха безачу белхашна йукъахь билгалдаьккхира: КхидIа еша…

Тхан семинарехь хьеший

Гости на нашем семире 1Нохчийн меттан локализацица боьзна белхаш, шайн белхан декхаршца доьзна а доцуш, шаьш шайн лаамехь кхочушбеш кегий нах бу вайн махкахь. Ишттачарех бара отделан рогӀера семинаре кхайкхина хьеший. Царна юкъахь вара программист Бекаев Мовсар, «Даймохк» республикин газетин корреспондент Хасаханов Ислам, иштта информацин технологийн специалист волу Иорданера веана хьаша Ахьмад а. Бекаев Мовсар коьртачу декъана нохчийн маттаца йоьзна программаш еш ву. Семинарехь цо ша хӀотийна йолу онлайн-дошам гайтира. Цуьнан гӀоьнца цхьацца дош дина ца Ӏаш, предложенеш, фразанаш гочъяло нохчийн маттера оьрсийн матте а, юханехьа а. Билгалдаккха лаьа автора оцу программин чулацамна тӀехь ондда болх бина хилар. Масала, цо куьйга чудаьккхина 60000 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетарш а.
Карарчу хенахь и болх Хасаханов Исламца цхьаьна дӀахьуш бу цо. Оцу программица «Нохчийн меттан дошам» сайта тӀехь болх бан йиш ю (http://nohchiyn-mott.com). Амма интернет чохь пайдаэцархочо интернетца доьзна а доцуш болх бан йиш йолуш компьютеран а, мобиле а программаш ю Мовсара йина (http://ru.mobogenie.com/download-com.nohchiyn-3389492.html, http://www.twirpx.com/file/976538/, http://expresscloud137.weebly.com/blog/chechenskij-slovarj-skachatj-besplatno). КхидIа еша…

Наверх