Категорица хаамаш: Семинараш

Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

DSC03731Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн филологехь цкъачунна оцу хьокъехь дуккха а къастадаза хIуманаш ду.

И проблемаш йийцаре ярхьама НР IА куьйгалхоша сацам бира хIора баттахь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьна семинараш дIакхехьа. КхидIа еша…

Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар

cropped-26.11-1.jpgКхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра.

Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю, «чекхдаккхаза гочдар» аьлла билгал а даьккхина. КхидIа еша…

Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов

Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс.

Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду. КхидIа еша…

Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса.

Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе балорехь а чIогIа маьIна долуш хилар, цо массаьрга а дийхира и йийцаре ярехь жигара дакъалацар, хIорамма шена хетарг а олуш. КхидIа еша…

Наверх