Нохчийн Республикин Iилманийн Академин  пайде семиотикин отдел Республикин Iилманийн Академин пайде семиотикин отдел

Категорица хаамаш: Тхан белхаш

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отделан белхан коьрта жамӀаш

Программаш
2017 шарахь отделан белхахоша нохчийн маттаца болу балхана лерина масех программа йина. Царах цхьаерш отделехь бен болх аттачу боккхуш йина белхан программаш ю, амма цхьаерш шуьйрачу гонашкахь пайдаэца йиш йолуш приложенеш а ю.
Царех цхьаъ ю нохчийн меттан тезаурусан коьчалца балхана лерина «Нохчийн тезаурус» веб-программа (http://ps95.ru/tezaurus/). Оцу программо таро ло нохчийн маттахь дешнийн синонимашца а, иштта вовшашца зӀенаш йолу кхетамаш билгалбен дешнашца а болх бан. КхидIа еша…

Нохчийн тезаурус

Tezaurus
Мосазза схьаэцна: 19, барам: 2.0 MB, терахь: 2017 шеран 12 Декабрь

Лелоран инструкци

Хаамийн файлана Меню

Хаам
— Программех — хIара файл схьайоьллу.
— Авторех — авторех лаьцна хаам КхидIа еша…

Нохчийн «I» элп язден программа

Elp I
Мосазза схьаэцна: 11, барам: 672.5 KB, терахь: 2017 шеран 12 Декабрь

Йинарг: OPS-ANCHR
ТIеоьцу ОС: Windows XP, Windows Vista, Windows 7, Windows 8, Windows 10.
Верси: 2.1.1
Араяьлла дата: 2016
Разрядан терахь: x32 — x64
Мотт: Оьрсийн

Elp-I программо кхочушдийриг КхидIа еша…

Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-нохчийн словарь.

r-chОригинал:

Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-Нохчийн словарь.– М.: Оьрсийн мотт, 1978.–728 агIо

Аннотаци

Оьрсийн-нохчийн словаро чулоцу 40 эзар гергга хIинцалера оьрсийн меттан дош, алсам лелош йолу Iилманан-техникин терминологи, цул сов, дешнийн маьIна достуш долу дешнийн цхьаьнакхетарш, кицанаш, аларш.

Словарь ешархойн шуьйрачу гонна лерина ю: лакхарчу классийн дешархошна, студенташна, хьехархошна, гочдархошна, зорбанан, радион, телевиденин белхалошна, оьрсийн мотт Iамочарна. КхидIа еша…

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь.

ch-r-sОригинал:

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. — М., ГИИНС., 1961. — 625 агIо.

Йоцца нохчийн меттан грамматикин очеркан юххедилларца

20000 дош

Аннотаци

Словарь юкъа дахна 20 эзар гергга дош, цу юкъа догIу хIинцалера нохчийн меттан юкъара лексикий, фразеологий. Словарь юкъахь ялийна ю нохчийн дешнийн грамматикин характеристика, нохчийн меттан грамматикин йоцца очерк а ю юкъатоьхна. КхидIа еша…

Наверх