• Керланаш

    Мотт атта а, кхеташ а хилийта

    Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса. Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе…

  • Керланаш

    Нохчийн-оьрсийн дошаман электронан аналог кечйина

    2014 шеран мартан 25 дийнахь пайде семиотикин отделан белхалоша А.Г. Мациевн нохчийн-оьрсийн дошам (Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. ГИИНС. М., 1961) терахьийн кепехь кечъеш бен болх чекхбаьккхина. Цул хьалха кхоьллинера Карасаевн, Мациевн оьрсийн-нохчийн дошаман электронан вариант (Карасаев А. Т., Мациев А.Г. Русский язык. М., 1977). Оцу шинна а дошаман электронан варианташ кхоччуш оригиналашца йогIуш ю. Царна юкъахь хIиттийна ю мукъа аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, идиомийн хьаьркаш, кхин лерина йолу хьаьркаш. Дошамаш кечъеш, лакхахь билгалъяьхначу хьаьркашца болу болх сихбархьама, белхалоша пайдаоьцура тайп-тайпана макросех, Visual Basic for Applications программаш хIитто меттан гIирсех. Нохчийн-оьрсийн дошаман скриншот Нохчийн-оьрсийн электронан дошам секторан белхалоша информацин технологийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам а, нохчийн меттан омографийн дошам а кечъеш, пайдаоьцуш ю.…