Керланаш

Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса.

Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе балорехь а чIогIа маьIна долуш хилар, цо массаьрга а дийхира и йийцаре ярехь жигара дакъалацар, хIорамма шена хетарг а олуш.

И проект хIоттийна волу филологин Iилманийн доктора, профессора Хилидов Айсас цу хьокъехь доклад йира, нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ерзош дан дезачух шена хетарг а дуьйцуш. Цо билгалдаьккхира нохчийн орфографин коьрта принцип фонетикин принцип хила еза аьлла.

— Амма «коьрта» бохург дац, дерриге а дешнийн, дешнийн кепийн яздарш 100 %-на аларца нисдина хила деза бохург, кхечу кепара яздарш а хила тарло, масала, хезаш доцу аьзнаш («шеконан мукъа аьзнаш») йозанехь гойтуш а. Еккъа цIена фонетикин принцип нохчийн йозанехь хила тарлуш цахиларан бахьана го вай лелош йолчу алфавитехь долчу элпашца алар а, яздар нийсса цхьаьнадогIуш цахиларехь а: долуш долу элпаш аьзнел кIезиг ду.

Цундела, оцу коьртачу принципца цхьаьна нохчийн орфографехь иштта лелаш ю морфологин принцип а(я морфонематикин): фонетикин принципо мелла аьтто бан беза вайн дешнийн, дешнийн кепийн яздар ма-тарло аларца нисдан, амма грамматикин норманаш талхош хила ца деза йоза.

КхидIа А.И. Халидовс билгалдаьккхира, орфографин бакъонаш къепе ялош, хийцамаш ма-хуллу кIезиг хилийта беза аьлла. «И хийцамаш дукха мел хуьлу, йозанан маттаца болх бечу нахана, халонаш сов хилар бен, пайда ца хуьлу, къаьсттина хала хир ду мотт хьоьхучарна».

— Хаа деза, цкъацкъа алар, яздар кхоччуш дIанисдан йиш цахилар. Цу хьокъехь бкъасто деза, аьзнийн дохала йозанехь гайта оьшуш дуй те. Суна хетарехь, мукъачу аьзнийн дехалла гайтарна тIе ца гIертар гIолехь ду. Аьзнийн деха хилар деккъа цIена цхьана элпаца, тIехула а, бухахь а, агIонца а элпаца кхин хьаьркаш а ца лелош, и дан йиш хилча, оьшуш-м дара иза, амма я кириллицехь а, я латиницехь а цхьана а меттан йозанехь иштта элпаш карийна дац, — чIагIдира Iилманчас. КхидIа цо дийцира аьзнийн дохала гойту тайп-тайпана некъаш.

Иштта шен даклада тIехь тIеэцначу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш тIе тидам бахийтира А. Халидовс. Цунна хетарехь, тIеэцначу дешнийн яздар церан схьааларца нисдина хила деза.

Шен къамел дерзош, А. Халидовс билгалдаьккхира: «ТIейогIучу хенахь орфографин бакъонашца йоьзна проблемаш юх-юха а гучу ца йийлийта хIинцехь дуьйна амал бан беза, тIечIагIйина йолу орфографин а, орфоэпин а бакъонаш йозан я барта къамелан кепех пайда а оьцуш, болх бечаьрга кхоччуш ларъяйта».

Проект йийцаре еш дакъалецира профессор, меттаIилманийн доктор волу Тимаев вахас, журналиста Юнусов Хьамзата, меттаIилманчас Вагапов Iарбис, литературин критик, «Орга» журналан коьрта редактор волу Минкаилов Эльбруса, журналиста Сумбулатов Денис, поэта Цуруев Шарипа, лаккхарчу дешарна учрежденийн, школийн хьехархоша.

Къамел дерзош, сацам бира, Массарна а тIекхочехь хилийта, Халидов Айсин докладан йоллу текст «Вести Республики» газета тIехь зорбатоха а, НР Iилманийн Академин сайта тIе яккха а.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *