Керланаш

Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар

Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра.

Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю, «чекхдаккхаза гочдар» аьлла билгал а даьккхина.

И санна долу дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш отделан белхалоша хIора кхаарин дийнахь дийцаре до.

И болх дIахьуш, белхалоша тайп-тайпана электронан лингвистикин хьостанех пайдаоьцу: Нохчийн-оьрсийн словарь Мациев А.Г., Оьрсийн-нохчийн словарь Карасаев А.Т, Мациев А.Г., Математикин терминийн нохчийн-оьрсийн словарь Умархаджиев С.М., Ахматукаев А.А., компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн словарь, Promt словарь а, талмаж а, Google онлайн талмаж.

Цул сов, семинарехь бийцаре бира информацийн технологийн оьрсийн-нохчийн дешнийн цхьаьнакхетарийн дошамна тIехь беш болу болх. Отделан Iилманан белхалочо I. Вагаповс билгалдаьккхира: «теминийн маьIна кхоччуш даста аса 6-10 дешнийн цхьаьнакхетар схьахоржу, хIунда аьлча, цхьайолу терминийн масех маьIна хуьлу дела. Словарь масех дийнахь кийча кича хир ю».

Отделан Iилманан белхалочо Х. Асхабовс Delphi платформи тIехь .ро файлаш ша гочъен программа йина. Оцу программо тайп-тайпана дошамашкахь терминаш лоьхуш йойъу хан кхоайо. Цунна шинаметтан дошамаш тIетаса а йиш ю; дукха маьIнаш долу терминаш басаца билгалйо, программистана царех цхьаъ схьахаржа атта хилийта.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *