Керланаш

Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн филологехь цкъачунна оцу хьокъехь дуккха а къастадаза хIуманаш ду.

И проблемаш йийцаре ярхьама НР IА куьйгалхоша сацам бира хIора баттахь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьна семинараш дIакхехьа.

Хьалхара семинар 2015 шеран апрелан 9 дийнахь хилира. Семинарехь дакъалоцуш бара НР IА вице-президент физикин-математикин Iилманийн доктор Р.Х. Дадашев, меттаIилманчаш филологин Iилманан докторш В.Д. Тимаев, М.Р. Овхадов, М.Х. Халидов, филологин Iилманан кандидаташ А.Д. Вагапов, меттан а, литературин а отделан куьйгалхо Н.Н. Альбеков, лакхахь билгалйинчу Экспертийн Советан секретарь журналист Х.Б. Юсупов, физикин-математикин Iилманийн кадидат, пайде семиотикин отделан куьйгалхо С.М. Умархаджиев, НР IА кхиболу белхалой.

Семинар дIаяьхьира профессора Р.Х. Дадашевс. Доклад йийриг пайде семиотикин отделан Iилманан белхало Бадаева Iайшат яра. Цуьнан «Нохчийн орфографин цхьадолу хаттарш» цIе йолу доклад коьрта долчунна нийсаяздаран хьокъехь долу хаттарех лаьтташ яра. Дийцаре дан леринчу хаттаршна юкъахь дара, масала, юьхьанцарчу кепан орамехь ов дифтонг йолу дешнийн кепашца хийцадаларан бакъонаш (довза, хьовса, ков), цхьадолу хандешнийн нийсаяздаран бакъонаш, цхьа хIума билгалден масех лард цхьаьна я къаьстина яздар.

ХIора хаттарна жоп семинаран декъахоша дийцаре деш дара, Iилманчаша шайн варианташна Iилманан бух балабора, цул тIаьхьа уьш, гуттар а бохург санна, массо а цхьана варианта тIехь совцура.

Декъахошна хетарехь, семинарах чIогIа пайда баьлла, нохчийн орфографин дуккха а хаттарийн хьокъехь цхьа йист а яьккхина.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *