• Керланаш

    ТӀейогӀучу ханна декхарш

    Йанварь беттан 28-чу дийнахь пайде семиотикин отделехь рогӀера семинар дӀайахара. НР ӀА нохчийн орфографин хьокъехь бина сацамца доьзна хьалха лаьтта декхарш дара дийцаре деш. Нохчийн орфографин цхьайолу керла бакъонаш Академино къобалйеш тӀеэцаро орфографица доьзна цхьацца хаттарш бахьанехь кхидӀа дӀабахьа йиш йоцуш сецна лаьтта болх чекхбаккха таро ло. Уггар хьалха чекхабаха безачу белхашна йукъахь билгалдаьккхира:   тӀеэцна болу хийцамашца А.Г. Мацийевн дошаман электронан верси кечйар; Электронни дошаман тӀехь болу болх чекхбаккхар; орфографи толлу Hunspell програмина дошаман файл кечйар.

  • Керланаш

    Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч

    НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а. Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар…

  • Керланаш

    Пайде семиотикин отделехь Керла Шо

    ДӀадоьдучу шеран тӀаьххьара де пайде семиотикин белхалоша жима той дарца билгалдаьккхира. Кхечу отделийн белхалой а кхайкхира чу. Цхьаьнакхетар самукъане, вовшех марзо оьцуш дӀадахара. Беламе а, хьехаме а къамелаш деш, бегаш беш, ловзарш дӀахьуш, баккхийх болчеран хиллачух дийцаршка ладоьгӀуш дӀаяхара суьйре. Цхьаьнакхетар дерзош, Керлачу шарца массо а декъалвеш, тӀедогӀучу шарахь могушалла, ирс, хьекъал, собар, белхан кхиамаш хирг хиларе дегайовхонца а дистхилира отделан куьйгалхо Умархаджиев Салауди а, Академин президентан гӀоьнча йолу Оккаева Зарган а.

  • Без рубрики

    Тхан семинарехь хьеший

    Нохчийн меттан локализацица боьзна белхаш, шайн белхан декхаршца доьзна а доцуш, шаьш шайн лаамехь кхочушбеш кегий нах бу вайн махкахь. Ишттачарех бара отделан рогӀера семинаре кхайкхина хьеший. Царна юкъахь вара программист Бекаев Мовсар, «Даймохк» республикин газетин корреспондент Хасаханов Ислам, иштта информацин технологийн специалист волу Иорданера веана хьаша Ахьмад а. Бекаев Мовсар коьртачу декъана нохчийн маттаца йоьзна программаш еш ву. Семинарехь цо ша хӀотийна йолу онлайн-дошам гайтира. Цуьнан гӀоьнца цхьацца дош дина ца Ӏаш, предложенеш, фразанаш гочъяло нохчийн маттера оьрсийн матте а, юханехьа а. Билгалдаккха лаьа автора оцу программин чулацамна тӀехь ондда болх бина хилар. Масала, цо куьйга чудаьккхина 60000 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетарш а. Карарчу хенахь и болх Хасаханов Исламца цхьаьна…