Керланаш

Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч

НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а.

Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар а мотт кхиарехьа чӀогӀа пайдехьа, мехалла гӀуллакх хирг хилар билгалдоккху.

Компйутерийн программийн нохчийн локализаци кхочушйеш, пайде семиотикин отделан белхалоша меттан коьчал (дешнаш) терахьийн формате йоккхуш, кечйеш боккха болх бу дӀахьош. Цундела орфографехь цхьадолчу хаттаршна билггал цхьа бакъонаш цахиларо, цул сов цхьайолу бакъонаш кестта хийцайала тарлуш хиларо чӀогӀа дуьхьло йо нохчийн мотт компйутерийн технологишкахь баржоран балха тӀехь. Хьалхо пайде семиотикин отдело а, меттан, литературин отдело а цхьаьна масех семинар дӀайаьхьнера орфографин бакъонаш йийцаре йеш. Оцу семинарашкахь цу шина отделан белхалоша а, Академин вице-президента Р.Х. Дадашевс а, Гуманитаре талламийн институтан директора С.С. Магамадовс а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь волу Х.Б. Йусуповс а, кхечара а дакъалецира.

Оцу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре динарг тидаме а оьцуш, Академин белхалоша нохчийн орфографехь тӀелаьцча бакъахьа хеташ йолу масех бакъо вовшахтоьхнера. Цу йукъахь билгалйаккхинарг йиъ бакъо бен йац. Уьш хьалха кечйина хиллачу «Нохчийн меттан орфографи тойаран пройект» (А.И. Халидов) тӀехь йийцина а йолуш, лакхахь хьахийна кхеташонашкахь массо а филологаша: А.Д. Тимаевс, М.Р. Овхадовс, А.И. Халидовс, А.Д. Вагаповс, Н.Н. Альбековс – къобалйина йу.

И бакъонаш НР ӀА президиуман кхеташонехь Академис къобалйен норма санна билгалйаьхна. Пайде семиотикин отделехь кхин дӀа бен болх царна тӀе а тийжаш бийр болуш сацам хилла.

 

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *