• Без рубрики

    Нохчийн маттана программаш кечйар

    ДӀадаханчу кхаарийн дийнахь вовшахтоьхна йолу семинар нохчийн маттахь тексташца болх бечарна аьттонна отделан белхалоша программаш кечйеш дӀахьуш болу белхан хаттаршна лерина йара. Белхалоша йийцаре йира отделан Ӏилманан лахара белхалочо Астемиров Арсламбека йеш йолу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн онлайн дошам. Кечйархочо бахарехь, оцу программи тӀехь болу болх цхьа а духьлонаш йоцуш дика дӀабоьдуш бу, цундела пайдаэцархойн кестта аьтто хир бу отделан сайта тӀехь и дошам лело. Иштта чекхбаьлла лара мегар болуш бу «Dasho Dosham» программи тӀехь болу болх а. Нохчийн тайп-тайпана дошамаш чулоцуш йолу и программа сайта тӀера схьа а эцна компйутерш тӀехь лело йиш йолуш хир ю. ШолгӀа доклад отделан Ӏилманан хьалхара белхалочо Асхабов Хаважис йира. Цо, шена оцу программех хетарг а олуш,…