Керланаш

НР ӀА Президиуман кхеташонехь доклад: «Компйутерийн программийн нохчийн локализацин дӀайаьллачу этапехь кхочушдинарш»

НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайаьхьира 2016.03.24. Кхечаьрца цхьаьна кхеташонехь нохчийн локализаци дӀайахьаран таханлерачу хьолах дийцира. Цу декъехь кхочушдиначух доклад йеш пайде семиотикин отделан куьйгалхочо  Умархаджийев Салаудис. Доклад йеш, цо дийцира отделехь биначу тайп-тайпана белхех. 

 Нохчийн меттан дошамаш терахьашца йешалун электронан форматашкахь кечйар. Компйутерийн программийн локализаци  нохчийн меттан дошамийн буха тӀехь бен дӀайахьа йиш йац. Пайде семиотикин отделан белхалоша кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду нохчийн  меттан дошамаш терахьийн форматехь кечйар, иштта информацин технологийн декъехь оьшуш йолу керла дошамаш кхоллар. Таханлерачу  дийнахь тайп-тайпана шордарашкахь терахьийн форматехь кечйина хӀокху дошамийн файлаш:

 

  1. Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. – М.: ГИИНС., 1961.
  2. Карасаев А.Т. , Мациев А.Г. Оьрсийн-нохчийн словарь.– М.: Русский язык, 1978.
  3. Умархаджиев С.М., Ахматукаев А.А. Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн математикин терминийн словарь. Тбилиси, 2010.
  4. Берсанов Р.У. Адаман анатоми. Латинийн-оьрсийн-нохчийн тарминийн дошам. Грозный, 2011.
  5. Абдурашидов Э.Д. Нохчийн-оьрсийн, нохчийн-оьрсийн юридически терминийн дошам. Грозный, 2008.

И файлаш йерриш а царна бакъонаш йолчеран пурбанца отделан сайта тӀе йехкина йу, муьлхха а пайдаэцархочун паргӀа схьаэца а, лело а йиш йолуш.

Иштта, оцу белхех пайда а оьцуш, GoldenDict платформи буха тӀехь кечйина программа йу. И йоллу файлаш – билагйаьккхина программа а цхьаьна – йоццачу хенахь машанехь йаьржина. Цо а гойту цу декъехь дӀахьуш болу болх оьшуш болх хилар. Иштта, оцу дошамийн коьчалах пайда оьцуш отделан белхалоша кечйина йу веб-программа а. Иза хӀокху сайта тӀехь лело йиш йу.

Цул сов отделехь оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компйутерийн технологийн дошам кечйина. Иза хӀокух шарахь зорбане йала йезаш йу. ХӀинца ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тӀехь болх бу дӀабоьдуш.

Нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтохар. Компйутерийн программийн нохчийн локализацин пройект дӀахьуш, тайп-тайпана Ӏалашонаш кхочушйан нохчийн меттан долу дешнаш а, дешнийн кепаш а чулоцу электронан гулар кхоьллина. Таханлерачу дийнахь иза 2,5 млн. дешнех лаьтта, амма иза кхин а тӀейуза йиш йолуш, йан йезаш а йу. И гулар маттаца йоьзна йолу тайп-тайпана программаш кхуллуш мехала гӀирс бу.

Linux ОС LibreOffice текстан редакторехь нохчийн меттан орфографи таллар нисдар. Карарчу хенахь отделан коьртачу декхарех ду нохчийн маттахь тексташца болх бечарна оьшу хьелаш кхоллар. Цундела хӀинца хьалха чекхдаккха леринчех ду нохчийн маттахь орфографи толлу программа кечйар. Цу декъехь биначу белхан жамӀаш Умархаджиев Салаудис LibreOffice редакторехь гайтира. И хаттар дийцаре деш, президиуман массо а декъахоша дакъалецира. Цу йукъахь хьахаделира нохчийн орфографин проблемаш а, нохчийн грамматика, стилистика толлу программаш йан цхьацца гӀирсаш – нохчийн меттан идеографически дошамаш, тезаурус, грамматикин дошамаш – тӀе ца тоьаш хилар а. Меттан а, литературин а отделан куьйгалхочо Альбеков Нурвадис а, НР ӀА Гуманитаре талламийн институтан директора Магомадов Супьяна а оцу декъехь цхьайолу проблемаш кхочушйан дан долийнарш хьахийра.

Linux ОС интерфейс нохчийн матте йаккхар. Отделан белхалошна хьалха лаьтта коьрта декхарех цхьаъ ду Linux операцийн система нохчийн матте йаккхар. И болх кхочушбеш, белхалоша эзарнашкахь системин хаамаш ингалсан маттера нохчийн матте баьхна. Карарчу хенахь LibreOffice редактор а, Linux системин коьрта дакъош а (лахар, нисдарш, кхидерш а) нохчийн матте даьхна ду.

ДӀадаханчу шарахь отделан белхалоша локализацин хьокъехь дуьххьара Ӏилманан стайаш зорбане дӀайелла. Иштта отделан массо а белхалоша шена тӀехь болх бина йолу компйутерийн терминийн дошам а чекхйаьккхина. ЭЛМ (ЭВМ) программашна регистраци йаран тоьшаллаш ду, кхоллархой отделан белхалой а болуш: Умархаджийев Салудий, Астемиров Арсланбеккий, Султанов Зеламхий.

Кхеташонехь болучара пайде семиотикин отделехь бечу балхе лерина ладуьйгӀира, шаьш а тайп-тайпана хаттарш дийцаре дарехь дакъа а лоцуш. Вайн къомана Ӏаламат мехала болу и болх кхидӀа а жигара дӀабахьа а, цу новкъахь керла кхиамаш баха безаш хилар билгалдаьккхира цара.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *