• Без рубрики

    Компйутерна нохчийн маттахь къамел дан Ӏамо

    Отделана хьалха лаьттачу декхарех цхьаъ ду нохчийн мотт барта къамел довзаран, цуьнан синтез йаран сфери йукъа балор. Вуьшта аьлча, компьютерна нохчийн текст барта дӀайеша а, озаца дечу къамелах кхета а Ӏамор ду и. Куйга кхоьллина интеллектан декъехь кхоллархочун белхаш уггар чолхе а, барам боккха болуш а белхех бу. Отделехь оцу хьокъехь дӀаболийна болх а бу нохчийн меттан а, компьютерийн лингвистикин а декъехь кӀорггера талламаш бар тӀедожош. Цул сов, цо программисташна хьалха чолхе, кӀорггера хаттарш хӀиттадо. Оцу декъехь талламаш бар, юьхьанцара декхарш, оьшу гӀирсаш билгалдахар отделан лакхарчу Ӏилманан белхахочунна Израилова Элисина тӀедиллина дара. Элисас «Клъамелана синтез йаран а, и довзаран а некъаш» доклад йира. Цо билгал ма-даккхара, къъамелана синтез йаран некъаш…

  • Керланаш

    Нохчийн пилгу кхолларехьа болх

    Октябран 12-чохь Ӏилманан семинаран рогӀера кхеташо дӀайаьхьира пайде семиотикин отделехь. Кхеташонехь отделан белхахоша дӀахьуш долу гӀуллакхаш дийцаре дира. Царех цхьаъ дара нохчийн мотт мобиле системашкахь баржаран хаттарш. ТӀаьхьрчу шерашкахь цу новкъахь хьалхара гӀулчаш хаало. Иштта IOS системи чохь кӀиран денош нохчийн маттахь гойтуш нисдан йиш йу. Android системехь нохчийн маттахь йаздеш аьтто кхуллуш белхаш а бина. Масала, Google Play чохь ду Argyn пайдаэцархочо нохчийн «Ӏ» элп юкъа а тухуш, кечдина пилгу. Иштта, М. Бекаевс, И. Хасахановс кечйина SwiftKey пилгунан Beta-верси а. Нохчийн дошамаш чуйехкина программаш а карайо.              Доклад йеш Султанов Зеламха вара. Цунна андроид системина нохчийн меттан пилгу (клавиатура) дар тӀедиллинера. Тахана цо ша цу хьокъехь бина…