Без рубрики

Компйутерна нохчийн маттахь къамел дан Ӏамо

Отделана хьалха лаьттачу декхарех цхьаъ ду нохчийн мотт барта къамел довзаран, цуьнан синтез йаран сфери йукъа балор. Вуьшта аьлча, компьютерна нохчийн текст барта дӀайеша а, озаца дечу къамелах кхета а Ӏамор ду и. Куйга кхоьллина интеллектан декъехь кхоллархочун белхаш уггар чолхе а, барам боккха болуш а белхех бу. Отделехь оцу хьокъехь дӀаболийна болх а бу нохчийн меттан а, компьютерийн лингвистикин а декъехь кӀорггера талламаш бар тӀедожош. Цул сов, цо программисташна хьалха чолхе, кӀорггера хаттарш хӀиттадо.

Оцу декъехь талламаш бар, юьхьанцара декхарш, оьшу гӀирсаш билгалдахар отделан лакхарчу Ӏилманан белхахочунна Израилова Элисина тӀедиллина дара. Элисас «Клъамелана синтез йаран а, и довзаран а некъаш» доклад йира. Цо билгал ма-даккхара, къъамелана синтез йаран некъаш масех кепара хуьлу: параметрикин, компиляцин, бакъонашца йен синтез, нейронан машин гӀоьнца йен синтез. Элисас оцу массо а тайпанийн башхаллаш, церан дика агӀонаш а, кхачамбацарш а билгалдехира. И доллу некъаш дийцаре диначул тӀаьхьа отделан белхахоша сацам бира цу декъехь кхидӀа болу болх нейронан машанийн гӀоьнца дӀабахьа беза аьлла. ХӀанда аьлча иза тӀаьххьара кхоьллина а, уггар тоьллачех а метод йу.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *