Керланаш

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отделан белхан коьрта жамӀаш

Программаш
2017 шарахь отделан белхахоша нохчийн маттаца болу балхана лерина масех программа йина. Царах цхьаерш отделехь бен болх аттачу боккхуш йина белхан программаш ю, амма цхьаерш шуьйрачу гонашкахь пайдаэца йиш йолуш приложенеш а ю.
Царех цхьаъ ю нохчийн меттан тезаурусан коьчалца балхана лерина «Нохчийн тезаурус» веб-программа (http://ps95.ru/tezaurus/). Оцу программо таро ло нохчийн маттахь дешнийн синонимашца а, иштта вовшашца зӀенаш йолу кхетамаш билгалбен дешнашца а болх бан.

Программа, шуьйрачу гонашна лерина хиларе терра, лело атта хир йолуш кечйина ю. Гергара дош, яздиначу дашна лехна а ца Ӏаш, цунна гергарчу дешнашна а лоху программо, оьшу дош тӀетаӀийчахьана.
Билгалдаккха деза, цкъачунна оцу программин электронан чкъуьйригна тӀехь болу болх бен бац чекхбаьлла. Программин чулацам – нохчийн меттан тезаурус хӀинца а кхоччуш хӀоттийна яьлла яц. Цу тӀехь кхиамца къахьоьгуш Академин меттан а, литературин а отделан Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адам ву.

Цул сов, отделан хьалхарчу белхахочо Асхабов Хаважис йина оффлайн лело таро йолуш «Tezaurus» программа а ю отделан сайта тӀера схьаэца йиш йолуш (http://ps.anchr.ru/noxchijn_tezaurus/). Иза а ю тезаурусан коьчалца бен балхана лерина. Амма иза вукху программах таронашца а, белхан кепаца а къаьсташ ю. Иштта цо таро ло меттан коьчалца тайп-тайпана статистикин белхаш бан, дешнийн база хийца, синонимаш тӀетоха, дӀаяха, и. дӀ. кх. И программа коьртачу декъана маттаца болх бечу специалисташна лерина ю.

 

 

 

 

 

 

 

Иштта меттаӀилиманчашна а, социолингвистикин а, психолингвистикин а декъехь болх бечу талламхошна а пайдехь хир йолуш йина ю DoshStat программа. Иза меттан коьчалца бен статистикин декъехь болу белхашна лерина ю. Цо таро ло, масала, билгалъяьккхинчу текста юккъехь маса дош ду, хӀора а дош моссаза ду, хӀора а дашо текста юккъехь дӀалоцу процент лара. Цул сов, Ӏилманчашна пайдехь хир йолуш кхин а цхьацца функциш ю программица. Билгалдаккха деза, ша санна йолу аналогашна юккъехь и программа сихаллица а, атталлица а къаьсташ ю. Масала, миллион дашах лаьтташ йолу база цо, таса а луш, 1-2 минотана толлу. Кхийолу программаша оццул барамехь долу документашца болх ца бо. Цул сов, программин башхаллех лара мегар ду цо текстан массо тайпан бохург санна файлашца болх беш хилар: html, doc, docx, pdf, txt.

Отделехь еш йолу программех дукхахъерш «Роспатент» службехь регистраци еш ю. Таханлерачу дийнахь регистрацих чекхъяьлла масех программа ю отделан белхахойн.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Къамелан синтезандекъехь Ӏилман болх

Отделехь болийначу белхех уггар чолхечарах цхьаъ бу нохчийн маттахь текстан синтез ен гӀирс бар. Оцу агӀор линвистикин а, программированин а декъехь талламаш дӀаболийна отделан Ӏилманан лакхарчу белхахочо Израилова Элисас. Цу хьокъехь уггар коьртаниг юьхьанца дуьйна меттан коьчалан нийса база кечъяр ду. Цу юккъехь ду юьхьарлаьцначу меттан аьзнийн система компьютере ешалур йоллучу агӀор графически хьаьркашка а яьккхина, цхьана къепе ялор. И гӀуллакх Изралова Элисас кхиамца кхочушдина, нохчийн меттан къамелан синтезан гӀирсашна лерина фонетикин компьютере ешалур йолуш алфавит кхолларца. И алфавит, «Азбат» аьлла цӀе а тиллина, шен Ӏилманан талламашна юккъехь пайдаоьцуш лелош ю автора.

Нохчийн меттан орфографи толлу программа

Отдел кхоьлличхьана коьртачу Ӏалашонех цхьаъ ю компьютер тӀехь болх бечарна нохчийн маттаца болх бан аьттонашш кхоллар. Уггар хьалха иза нохчийн меттан нийсаяздаран программа кхоллар а ду. Иштта, масех шарахь талламаш бира белхахоша цу декъехь. Тахана отдел нохчийн мотт орфографи толлу муьлхха а системи чу билла кийча хилар билгалдоккху отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салаудис. КхидӀа и болх Microsoft корпорацица дӀабахьа безаш бу. Копорацин цу гӀуллакхна тӀе тидам бахийта, отделан белхахоша церан форум тӀехь хаам битина, нохчийн мотт Word чу баккхар доьхуш (https://word.uservoice.com/forums/304924-word-for-windows-desktop-application/suggestions/32108578-chechen-spelling-dictionary). Microsoft компанин низамца, цаьрга и хаттар тергалдайта, цу хьокъехь битинчу хаамна мелла а дукха кхаьжнаш тийсина хила дезаш ду. Цкъачунна кхаьжнийн дуккхаллица а, и кхаьжнаш совдовларан сихаллица а отдело битина хаам оцу форумехь хьалхарчу меттехь лаьтташ бу.

Оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам

Карарчу шарахь отделан белхахоша хӀоттийна йолу оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам араяьлла. Цу тӀехь ялийнарг 500 герга термин ю, цаьрца цхьаьна, уьш юкъахь йолуш, 2000 герга дешнийн цхьаьнакхетар а долуш. Уьш хаамийн технологешкахь уггар яьржина йолу лексикин дакъа ду. Нохчийн мотт оцу декъехь кхиаран хьалхарчу гӀулчех цхьаъ ю и дошам а. Оцу белхан материал отделан сайта тӀера DicDosham программи чу йиллина. ХӀинца пайдаэцархойн аьтто бу оцу программи чохь компьютерийн декъера терминаш а гочъян.

 

 

 

2 комментария

Добавить комментарий для admin Отменить ответ

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *