Без рубрики

2017 шеран тӀаьххьара кхеташо

Декабран 27 дийнахь тӀаьххьара цхьаьнакхетар дӀадаьхьира пайде семиотикин отделехь.

Шарахь тӀаьххьара йолу семинар кечйиначу стоьлана гонахьа дӀаяхьар ламасте дирзина ду отделехь. Кху шарахь а иштта паргӀат а, самукъане а дӀадахара рогӀера цхьаьнакхетар. Умархаджиев Салаудис дӀадаханчу шеран жамӀаш а деш, тӀейогӀучу ханна цхьацца декхарш билгалдехира. Иштта цу хьокъехь дош делира отделан белхахошка.

2017 шарахь биначу белхан мах хадош, довхачу дешнашца вистхилира НРӀА вице-президент Дадашев Райком а. Отделехь бен болх чӀогӀа мехала а, тӀаьхьало йолуш а хилар билгалдаьккхира цо.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *