Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара.
Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца.
Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а
АСХАБОВ ХАВАЖИ ИСМАИЛОВИЧ Нохчийн текстан редактор «CheWriter» Презентаци |
ИЗРАИЛОВА ЭЛИСА САЛАУДИНОВНА Создание системы автоматического синтеза чеченской речи. Доклад Презентаци |
БАДАЕВА ӀАЙШАТ САЛАУДДИНОВНА Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар. Коьрта декхарш, уьш кхочушдаран некъаш а Доклад Презентаци |
АБДУЛКАДЫРОВ АДАМ ТУРПАЛАЛИЕВИЧ Нохчийн меттан кесталлин дошам: хӀотторан Ӏалашонаш а, некъаш а. Доклад |