Без рубрики

Нохчийн меттан Денна лерина конференци

Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара.

Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца.

Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а

 

АСХАБОВ
ХАВАЖИ ИСМАИЛОВИЧ

Нохчийн текстан редактор
«CheWriter»
Презентаци
ИЗРАИЛОВА
ЭЛИСА САЛАУДИНОВНА

Создание системы автоматического синтеза чеченской речи.
Доклад 
Презентаци
БАДАЕВА
ӀАЙШАТ САЛАУДДИНОВНА

Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар. Коьрта декхарш, уьш кхочушдаран некъаш а
Доклад
Презентаци
АБДУЛКАДЫРОВ
АДАМ ТУРПАЛАЛИЕВИЧ

Нохчийн меттан кесталлин дошам: хӀотторан Ӏалашонаш а, некъаш а.
Доклад

 

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *