• Керланаш

    Проекто грант йаьккхина

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академехь а,  М. Д. Миллионщиковн цӀарах мехкадаьттан университетехь а нохчийн меттан синтезан система кхолларехь болх бу дӀахьош. Оцу декъахь йолу проекто грант йаьккхина. Проектан куьйгалхо НР ӀА лакхара Ӏилманан белхахо, Мехкадаьттан университетан лакхара хьехархо Израилова Элиса йу.  Ӏилманан гонашкахь йуьхьанца дуьйна къобалбеш бу оцу декъехь болх. Цул сов, Ӏилманан а, технически а агӀо бух болуш и болх болийна хиларан тоьшалла ду “Нохчийн меттан синтез йен а, къамел девза а система кхоллар” проект Инновацешна накъосталлин фондан “Старт” программин толамхошна йукъахь хилар. “Вайх хӀора а къамел дан а, цунах кхета хууш ву, цундела адаман меттанийн системаш кхиаро лерина хаарш доцуш компьютерца болх бан аьтто бийр бу нехан, телефонех, оцу тайпа кхечу гӀирсех а пайда а оьцуш”, – дуьйцу…

  • Керланаш

    TXTFILTERER

    Отделан белхахоша коьллинчу TXTFILTERER программо аьтто бо тайп-тайпана файлаш чуьра дешнийн материал вовшашца йуста. Цо толлу цхьана файл чуьра дешнаш эталон санна билгалйаьккхинчу файл чохь дуй а дац. Ший а файл пайдаэцархочо шен лаамехь ша къасто йиш йолуш йу. карарчу хенахь программех шуьйра пайдаоьцуш бу отделехь нохчийн мотт компьютер чу билларехь къахьоьгуш болчу белхахоша а, иштта лексикографин декъехь болх беш болчу филологаша а. Программо тайп-тайпана текстан файлашца болх бо: pdf, txt, doc, docx, xls, odt и. д. кх.

  • Керланаш

    ELP-I_FOR_LINUX

    Нохчийн тексташкахь «Ӏ» элп йазден программица хӀинца LINUX системи чохь а болх бан аьтто бу. Оцу программо нохчийн матахь йолу тексташца болх гӀеххьа аттачу боккху. Цул сов, цо нохчийн меттан нийсайаздар толлу программа кхуллуш хила тарло цхьайолу дуьхьалонаш дӀайоху. Программо кхучушден гӀуллакх: программа компьютер тӀе дӀахӀотийнчул тӀаьхьа муьлхха а программи чохь (текстан редактор, браузер йа кхин), оьрсийн клавиатурица болх беш, «йуханехьа слеш» пиллиг («\») тӀетаӀорца «Ӏ» элп йаздо; иштта LibreOffice Writer документ чохь Alt+I пиллигаш цхьабосса тӀетаӀийча, «Ӏ» элпана метта йаздина массо а «1» цифраш дӀанисдо, уьш элпашца хуьйцуш

  • Керланаш

    Кхеташо

    Вирус бахьана долуш цӀахь севнцичул тӀаьхьа дуьххьара кхеташо дӀайаьхьира 25.06.2020 ш. пайде семиотикин декъахь. Цигахь дийцаре дина хаттарш коьртачу декъана карарчу хенахь кхочушбечу белхан башхаллашца доьзна дара. ТӀаьхьарчу муьрехь отделехь мелла жигара дӀахьучарах бара нохчийн меттан синтез йен программаш кхуллуш бен болх. Цу декъахь дӀахьучу проектан хьалхара этап чекхйолуш лаьтта. Цу йукъа догӀуш дара нохчийн маттахь текстех а, цаьрца йогӀучу озан файлех а лаьтта база кечйар. Кхеташонехь и этап йерзорца, шолгӀа этап йолорца доьзна декхарш дийцаре дира. ШолгӀа хаттар нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашкахь бинчу хийцамашца доьзна дара. И хийцамаш тӀеэцна хилар бахьана долуш, белхахошна хьалха керла декхарш хӀуьтту, иштта, хьалхо меттан цхьайолу проблемаш йаьстина цахилар бахьанехь севцина лаьттина проекташ тӀехь…

  • Керланаш

    Elp-Az – нохчийн маттана лерина керла программа

    Нохчийн Республикин ӏилманийн академин белхахоша нохчийн маттахь йолу тексташца компьютеран гӏоьнца болх бен рогӏера программа кхоьллина. Оцу программо нохчийн маттахь долу йозанан транскрипци йеш аьтто бо. И кхуллуш коьртачарах дара нохчийн маттахь, латиницин системин хьаьркашца дуьстича, алсам нислун аьзнаш билгалдахарца доьзна хаттарш. И проблема кхочушйарехь жимма хьалхо вовшахтоьхначу AZBAT цӏе йолу нохчийн меттан аьзнийн технически алфавито аьтто бира. Цуьнан буха тӏехь йина йу программа. Цуьнан гӏоьнца нохчийн маттахь тексташна транслитераци йало. Программа кхуллуш, пайдаэцна мотт Pithon бу. Цо болх бо Windows а, Linux а системашкахь.

  • Керланаш

    AZBAT – нохчийн меттан аьзнийн технически алфавит

    Нохчийн мотт компьютерийн технологешка буьллуш йуьхьанца дуьйна къасто дезачу хаттарех цхьаъ дара нохчийн маттахь йоза компьютере дешалур долуш цхьа некъ билгалбаккхар. И проблема къаьсттана кхочуш ца йича ца йолуш йара нохчийн меттан синтезан хьокъехь болх дӀаболийча. Оцу декъахь бечу белхан куьйгалла деш йолчу Израилова Элисас цу тӀера дӀаболийра шен талламаш. Уггар хьалха кхочушдан дезарг – иза нохчийн массо а аз компьютеро муьлххачу а хьолехь нийса дӀадоьшур долчу латинийн хьаьркашца билгалдоккхуш система хӀоттор дара. Йуьхьанца атта хеташ делахь а, хила ма-йезза система хӀотто воьлча, чолхе гӀуллакх ду иза. Оцу чолхенан коьрта бахьана нохчийн маттахь аьзнаш шорта хиларца доьзна ду, латиницин хьаьркаш кӀезиг а йолуш. Коьмпьютеро дешалур долу йоза кхуллуш могӀанна тӀехь…