Керланаш

Elp-Az – нохчийн маттана лерина керла программа

Нохчийн Республикин ӏилманийн академин белхахоша нохчийн маттахь йолу тексташца компьютеран гӏоьнца болх бен рогӏера программа кхоьллина.
Оцу программо нохчийн маттахь долу йозанан транскрипци йеш аьтто бо. И кхуллуш коьртачарах дара нохчийн маттахь, латиницин системин хьаьркашца дуьстича, алсам нислун аьзнаш билгалдахарца доьзна хаттарш. И проблема кхочушйарехь жимма хьалхо вовшахтоьхначу AZBAT цӏе йолу нохчийн меттан аьзнийн технически алфавито аьтто бира. Цуьнан буха тӏехь йина йу программа. Цуьнан гӏоьнца нохчийн маттахь тексташна транслитераци йало.
Программа кхуллуш, пайдаэцна мотт Pithon бу. Цо болх бо Windows а, Linux а системашкахь.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *