Керланаш

Кхеташо

Вирус бахьана долуш цӀахь севнцичул тӀаьхьа дуьххьара кхеташо дӀайаьхьира 25.06.2020 ш. пайде семиотикин декъахь. Цигахь дийцаре дина хаттарш коьртачу декъана карарчу хенахь кхочушбечу белхан башхаллашца доьзна дара.

ТӀаьхьарчу муьрехь отделехь мелла жигара дӀахьучарах бара нохчийн меттан синтез йен программаш кхуллуш бен болх. Цу декъахь дӀахьучу проектан хьалхара этап чекхйолуш лаьтта. Цу йукъа догӀуш дара нохчийн маттахь текстех а, цаьрца йогӀучу озан файлех а лаьтта база кечйар. Кхеташонехь и этап йерзорца, шолгӀа этап йолорца доьзна декхарш дийцаре дира.

ШолгӀа хаттар нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашкахь бинчу хийцамашца доьзна дара. И хийцамаш тӀеэцна хилар бахьана долуш, белхахошна хьалха керла декхарш хӀуьтту, иштта, хьалхо меттан цхьайолу проблемаш йаьстина цахилар бахьанехь севцина лаьттина проекташ тӀехь кхидӀа болх дӀабахьа аьтто а болу.

ТӀедогӀу цхьаьнакхетар онлайн режимехь дӀадахьа сацам хилира пайде семиотикин декъан белхахойн.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *