Керланаш

Проекто грант йаьккхина

Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академехь а,  М. Д. Миллионщиковн цӀарах мехкадаьттан университетехь а нохчийн меттан синтезан система кхолларехь болх бу дӀахьош. Оцу декъахь йолу проекто грант йаьккхина.

Проектан куьйгалхо НР ӀА лакхара Ӏилманан белхахо, Мехкадаьттан университетан лакхара хьехархо Израилова Элиса йу.  Ӏилманан гонашкахь йуьхьанца дуьйна къобалбеш бу оцу декъехь болх.

Цул сов, Ӏилманан а, технически а агӀо бух болуш и болх болийна хиларан тоьшалла ду “Нохчийн меттан синтез йен а, къамел девза а система кхоллар” проект Инновацешна накъосталлин фондан “Старт” программин толамхошна йукъахь хилар.

“Вайх хӀора а къамел дан а, цунах кхета хууш ву, цундела адаман меттанийн системаш кхиаро лерина хаарш доцуш компьютерца болх бан аьтто бийр бу нехан, телефонех, оцу тайпа кхечу гӀирсех а пайда а оьцуш”, – дуьйцу Элисас.

И болх кхочушбеш хӀинцале гӀулчаш йаьхна проектан декъахоша: къамелан технологийн декъахь код йазйеш пайдаэца лерина нохчийн меттан  AZBAT  аьзний алфавит хӀоттийна; нохчийн меттан йозанан а, озан а экспериментальни хаамийн къепе кхоьллина (база данных); къамелан синтезан нейромашин система Ӏаморехь эксперимент дӀайаьхьна; нохчийн къамел девза дикторх йозу модель хӀоттийна, кӀезигчу дешнийн буха тӀехь.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *