• Керланаш

    TerahYoza

    Пайде семиоткин декъан белхахоша рогӀера программа йина.  TerahYoza программо цифрашца дӀайаздина терахь элпийн йозане доккху, нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш а ларйеш. Цул сов, цо къастадо, терахьдош рогӀаллин ду йа масаллин. Цуьнга хьаьжжана хуьлу цо кхуллу йоза а. Амма, билгалдаккха деза, и функци хӀинца а кхоччуш хилийта оьшу талламаш хӀинца а бина бац, цундела оцу декъехь гӀалат дан тарлуш ду программо. TerahYoza Программа Pithon маттахь йазйина йу. Иза “РОСПАТЕНТ” Интеллектан долаллин федеральни агентствехь регистраци йина йу.

  • Керланаш

    Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель

    2020 шеран октябран 13-чу дийнахь НР ӀА Матаериалаш талларан туьшан а, РӀА КӀТИ физикин-математикин талламийн декъан а цхьаьнатоьхна Ӏилманан семинаран кхеташо дӀайаьхьира. Умархджиев Салавдис “Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель” цӀе йолу шен болх бовзийтира. И болх бийцаре беш, жигара къамел хилира гулбеллачеран. Дадашев Райкома лаккхара мах хадийра Ӏилманчас биначу талламийн.