Керланаш

Семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира

13.01.2021ш. пайде семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира. Карарчу хенахь кхолладеллачу хьолехь тӀаьххьара цхьаьнакетарш тайп-тайпана зӀенийн гӀирсех пайда а оьцуш дӀахьош ду.

Иштта Zoom платформин гӀоьнца хилира таханлера кхеташо а.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре динарш, коьртачу декъана, тӀедогӀучу шеран декхарш дара. Декъан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис дийцира дӀадаханчу шарахь кхоьллина йолу нохчийн меттан синтезан система кхидӀа кхиош, цуьнан белхан тӀегӀа лакхадоккхуш, бан безачу балхах, цу декъахь тӀеоьшуш болчу талламех. Султанов Зелима билгалдаьккхира оцу системин база тӀейузуш хилар, цу чохь йолу материалаш дикка совйаьхначул тӀаьхьа оцу программин болх кхин а толург хилар. Синтез йеш пайдаоьцу цхьайолу модульш тӀе ца кхиийча, оцу системин болх лакхарчу тӀегӀан тӀехь хирг хиларх шеконаш хилар хаийтира Бадаева Ӏайшата. Оцу декъехь йолу проблемаш йицаре йира декъан белхахоша. И хаттарш лерина талла а, цунах болу хаамех пайда а оьцуш, синтезан системин лингвистикица йоьзна агӀо тӀекхио а барт хилира. Иштта цу

агӀор цхьадолу технически хаттарш таллар тӀедиллира Ясаева Мадинина. Султанов Зелимна а, Астемиров Арсланбекана а герггарчу хенахь нохчийн барта къамелан база тӀейузар тӀедиллира.

 

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *