• Керланаш

    Хьомсара доттагIий! ХIокху рубрикехь оха шуна бовзуьйту вайн махко дозалла дан хьакъболу нах. Царах цхьаъ ву физикин-математикин Iилманийн доктор Умархаджиев Мусан Салавди.

    Вайна ма-хаъара, уггар хала а, коьрта а лоруш Iилма ду математика. «Массо а Iилманийн эла ю математика», – аьлла цунах хьекъалчаша. Жимчохь дуьйна математикица уьйр ерг тидам болуш, хIуманан хьесап дан хууш, муьлххачу а хIуманна тIаьхьакхиа хьекъал, ойла а ира йолуш кхуьу. Математико кхечу Iилманашна а тIекхиаво. ЦIеяхханчу  илманчо М.Ломоносовс аьлла:  Математика Iамо хьакъ ю, цо хьан ойла низамехь а латтош, нийса хьесап дойту дела». Салавдис жимчохь дуьйна вара математикица гергарло долуш. Цуьнан да Умархаджиев Муса экономист вара. Церан цIахь яра дагарден машен Арифмометр. ХIинцалера калькулятор ю иза. Салавдис, хазахеташ, тидам бора, дас цу тIехь дагардеш а, терахьашца хьесапаш деш а. Дех арифмометр мукъаяьлча, жимачу Салавдис «болх» бора цу тIехь. Иштта тасаделира цуьнан терахьашца гергарло. Шеко а йоцуш,…