• Керланаш

    Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам арайаьккхина

    Нохчийн меттан денна доллу къомана совгӀат дина Нохчийн меттан нийсайахдаран дошам тӀехь къахьоьгучу белхан тобано. Карарчу шеран апрель баттахь оцу Дошаман 10 том арайаьлла. Иза 2020 шеран апрель беттан 29 дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана №83 йолчу Указца тӀечӀагӀйинчу «Нохчийн меттан коьрта бакъонашца» хӀоттийна йу. Дошам нохчийн мотт Iамочарна, оцу маттаца болх бечарна лерина йу. Нохчийн литературин маттахь лелаш долу дешнаш а, дешнийн кепаш а йалийна цу тIехь. «Хьалхарчу дашехь» бовзийтина Дошаман дIахIоттам а, карлайаьхна нохчийн меттан орфографин цхьайолу бакъонаш а. Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам хӀоттош, къахьийгира Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин а, Нохчийн меттан институтан а, ВУЗ-ийн а белхахоша. Царна йукъахь бара Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде…