Без рубрики

Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де

2011 шарахь дуьйна, 10 –гӀа май Нохчийн Республикин Мехк-Ден Указаца тӀе а чӀагӀдина, Нохчийчохь массанхьа а пачхьалкхан тӀегӀанехь лоруш, Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де аьлла кхайкхийна.
ХӀокху дийнахь республикин маьждигашкахь нохчийн къам махках даьккхинчу йукъана а (1944-1957шш.), шина тӀамехь а (1994-1996шш, 1999-2000 шш.) дӀакхелхинарш дага а лоьцуш доӀанаш до. Иштта республикехь зуькарш до, сагӀанаш доху, мискачу нахана жижиг дӀасхьадоькъу. Маьждигашкахь хилла ца Ӏаш, массо а министерствошкахь а, ведомоствошкахь а дӀахьо и белхаш.
Дукха беза мах белла вайн къомо таханлерчу машаречу хорша дахар даккха сатуьйсуш. Мел дӀакхелхина вайн нах къам Сибрех кхалхийча, мел дукха тезаташ лаьтти Нохчийчохь шина тӀеман хенахь. Дуьненйукъарчу терроризмаца къийсам латтош гӀазотехь дӀакхелхира Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!). Амма Сийлахь-Воккха Нохчо, ша бакъдуьненчу верзале, ларийра нохчийн къам сирлачу кхане дуьгур долу некъ къасто! Цу некъа тӀехь ирсачу дахаран маьрша байракх леккха хьалаайбира Йахь йолчу Ден Йахь йолчу КӀанта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана – Нохчийн Республикин Мехк-Дас! Сий долчу Къоман Сийлахьчу Паччахьа шен тешамечу накъосташца кестта машар хӀоттийра Нохчийчохь. ТӀеман овкъаршлара йухаметтахӀоттийра республика а. Тахана вайн махкахь болх беш йу вайзаманан хьелашца йогӀу больницаш, ишколаш. Студенташ доьшуш бу тоьллачу университеташкахь. Хазбина дӀахӀоттийна урамаш а, кечйина проспекташ. Кавказехь уггаре хаза маьждигаш Нохчийчохь ду.
Дог доху, кхин нохчийн къоман исторехь Иэсан а, Лазаман денош цахиларна. Цундела, нохчийн къоман дуьхьа шен са дӀаделла волчу Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) хьуьнарийн лакхара мах хадош, шина тӀамехь эгначу вайн къоман тоьлла кӀентий сий деш, вайзаманан турпалхойша хьоьгучу къина ларам беш, вайн къоман дуьхьа бала лайна вайн эвлийааш а, махках баьхначохь а, набахташкахь а хьийзина эзарнаш вайн нах дага а лоцуш, тахана 10-чу майхь вайн вай лору Иэсан а, лазаман де!
Дала гечдойла, Дала гӀазот къобалдойла Сибрех боьдучу некъахь, цигахь Ӏачу заманахь, Нохчийчохь дӀабахначу шина тӀамехь дӀакхелхинчу а, бехк боцуш хьийзинчу вайн дайшна-наношна, йижаршна-вежаршна!
Дала гӀазот къобалдойла Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин а!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *