• Керланаш

    Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а

    Нохчийн Республикин дешаран а, Iилмнан а министро Байсултанов Идриса Нохчийн Республикин Iилманийн академин белхалошна Султанов З.А.,Абдулкадыров Адамна а Бадаева Iайшатна а «Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а» орденца совгIат дина. Академин Президиуман цIарах даггара декъал до шу, Дала Iилмана тIаьхь баккхий кхиамаш хуьлда шун, Дала тIаьхье беркате йойла! Нохчийн Республикин Iилманийн президент Гапуров Ш.А.    

  • Керланаш

    Нохчийн меттан омографаш нийса йеша Ӏамор ду компьютерна

    Тахана отделехь рогӀера семинар дӀайаьхьира. Цигахь бийцаре бира нохчийн маттахь долчу къамелан синтез йен программа тойарехь бен болх. Карарчу хенахь цу декъера коьрта хаттарш йозанехь цхьатерра а долуш, аларехь тайп-тайпана долчу дешнашца доьзна ду (омографашца). Компьютерна уьш вовшах къасто а, нийса дӀадеша а Ӏамор йу хӀинца бечу белхан Ӏалашо. Омографаш вовшахтухуш, белхахоша пайдаоьцу карарчу шарахь арайаьллчу Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккхачу дошаман материалах. Цунах оьшшучу кепара база нисйеш Ӏилманан белхахо Султанов Зелим ву. Цу бази йукъара омографаш схьагулйаран алгоритман декъехь кхолладелла хаттарш довзийтира Астемиров Арсламбека. Иштта, карийна омографаш текстан бази йуккъехь схьалохуш, церан контекст билгалйоккхуш программа кхуллуш йу Ясаева Мадина. Цуо шен балха тӀехь хаайелла башхаллаш йовзийтича, цунна тӀе а тевжина…