Керланаш

Нохчийн меттан омографаш нийса йеша Ӏамор ду компьютерна

Тахана отделехь рогӀера семинар дӀайаьхьира. Цигахь бийцаре бира нохчийн маттахь долчу къамелан синтез йен программа тойарехь бен болх. Карарчу хенахь цу декъера коьрта хаттарш йозанехь цхьатерра а долуш, аларехь тайп-тайпана долчу дешнашца доьзна ду (омографашца). Компьютерна уьш вовшах къасто а, нийса дӀадеша а Ӏамор йу хӀинца бечу белхан Ӏалашо.
Омографаш вовшахтухуш, белхахоша пайдаоьцу карарчу шарахь арайаьллчу Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккхачу дошаман материалах. Цунах оьшшучу кепара база нисйеш Ӏилманан белхахо Султанов Зелим ву. Цу бази йукъара омографаш схьагулйаран алгоритман декъехь кхолладелла хаттарш довзийтира Астемиров Арсламбека. Иштта, карийна омографаш текстан бази йуккъехь схьалохуш, церан контекст билгалйоккхуш программа кхуллуш йу Ясаева Мадина. Цуо шен балха тӀехь хаайелла башхаллаш йовзийтича, цунна тӀе а тевжина белхан принципаш мелла а хийца сацам хилира. Цул сов, билгалделира хьалхалерчу нийсайаздаран кепехь йолчу оцу базица болх дӀабаьхьча, тӀаьхьалонна цхьацца халонаш хирг хилар. Декъан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис и ца хилийта база керлачу орфографи тӀе йаккха Ӏалашо хӀоттийра. Цу гӀуллакхна компьютеран программа хӀоттор Бадаева Ӏайшатна тӀедиллира.
ТӀедогӀучу кӀирнах цхьаьнакхетале хӀора а шен декъехь цхьацца жамӀашка кхача барт хилира белхахойн.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *