• Керланаш

    Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч

    НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а. Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар…

  • Керланаш

    Пайде семиотикин отделехь Керла Шо

    ДӀадоьдучу шеран тӀаьххьара де пайде семиотикин белхалоша жима той дарца билгалдаьккхира. Кхечу отделийн белхалой а кхайкхира чу. Цхьаьнакхетар самукъане, вовшех марзо оьцуш дӀадахара. Беламе а, хьехаме а къамелаш деш, бегаш беш, ловзарш дӀахьуш, баккхийх болчеран хиллачух дийцаршка ладоьгӀуш дӀаяхара суьйре. Цхьаьнакхетар дерзош, Керлачу шарца массо а декъалвеш, тӀедогӀучу шарахь могушалла, ирс, хьекъал, собар, белхан кхиамаш хирг хиларе дегайовхонца а дистхилира отделан куьйгалхо Умархаджиев Салауди а, Академин президентан гӀоьнча йолу Оккаева Зарган а.

  • Без рубрики

    Тхан семинарехь хьеший

    Нохчийн меттан локализацица боьзна белхаш, шайн белхан декхаршца доьзна а доцуш, шаьш шайн лаамехь кхочушбеш кегий нах бу вайн махкахь. Ишттачарех бара отделан рогӀера семинаре кхайкхина хьеший. Царна юкъахь вара программист Бекаев Мовсар, «Даймохк» республикин газетин корреспондент Хасаханов Ислам, иштта информацин технологийн специалист волу Иорданера веана хьаша Ахьмад а. Бекаев Мовсар коьртачу декъана нохчийн маттаца йоьзна программаш еш ву. Семинарехь цо ша хӀотийна йолу онлайн-дошам гайтира. Цуьнан гӀоьнца цхьацца дош дина ца Ӏаш, предложенеш, фразанаш гочъяло нохчийн маттера оьрсийн матте а, юханехьа а. Билгалдаккха лаьа автора оцу программин чулацамна тӀехь ондда болх бина хилар. Масала, цо куьйга чудаьккхина 60000 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетарш а. Карарчу хенахь и болх Хасаханов Исламца цхьаьна…

  • Керланаш

    Грантана заявка къобалйина хиларх хаам кхаьчна

    ХIокху деношкахь хаам кхаьчна физикин-математикин Iилманийн кандидат волу Умархаджиев Салаудин Россин фундаментальни талламийн фонде чуелла йолу проект кхиамца чекхъяьлла хиларх. Чуелла йолу проект Лебеган шорйинчу шортенийн интегралийн операторийн талламна лерина ю. Проектан куьйгалхо НР Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан заведующи, физикин-математикин Iилманийн кандидат Умархахаджиев С.М. ву. Экспертийн сацамехь билгалдаьккхина ду проектан куьйгалхочун оцу темица боьзна чIогIа маьIна долуш кхиамаш хилар. Ткъа тема теорехь чIогIа хьашт долуш ю. 1992 шарахь Европера шина математика Тадеуш Иванеца, Карл Сбордона функцин шортенийн керла тайпа юкъадаьккхина. Церан Лебеган гранд-шортенаш аьлла цIе дIаяхна. Оцу шортешца йоьзна йолу гармонике анализ тIаьхьарчу шерашкахь жигара кхуьуш йогIуш ю. ХIинца а, тайп-тайпана юххедилларшна тIехула, дуккха а Iилманчаша тIе лерина тидам…

  • Керланаш

    Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

    Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн…

  • Без рубрики

    Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-нохчийн словарь

    Оригинал: Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-Нохчийн словарь.– М.: Оьрсийн мотт, 1978.–728 агIо Аннотаци Оьрсийн-нохчийн словаро чулоцу 40 эзар гергга хIинцалера оьрсийн меттан дош, алсам лелош йолу Iилманан-техникин терминологи, цул сов, дешнийн маьIна достуш долу дешнийн цхьаьнакхетарш, кицанаш, аларш. Словарь ешархойн шуьйрачу гонна лерина ю: лакхарчу классийн дешархошна, студенташна, хьехархошна, гочдархошна, зорбанан, радион, телевиденин белхалошна, оьрсийн мотт Iамочарна. Электронан версии: Карасаев А.Т., Мациев А.Г.Оьрсийн-Нохчийн словарь. 40 000 дош. 1733 агIо. Электронан верси ерриг а оригиналца йогIуш ю, диакритически хьаьркаш цхьаьна: мукъачу аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, кхийолу символш. Словаран электронан верси кечъеш дакъалаьцна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин белхалоша Умархаджиев С.М., Юсупова А.С., Израилова Э.С., Султанов З.А., Астемиров А.В. Словарь схьаэца

  • Без рубрики

    Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь.

    Оригинал: Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. — М., ГИИНС., 1961. — 625 агIо. Йоцца нохчийн меттан грамматикин очеркан юххедилларца 20000 дош Аннотаци Словарь юкъа дахна 20 эзар гергга дош, цу юкъа догIу хIинцалера нохчийн меттан юкъара лексикий, фразеологий. Словарь юкъахь ялийна ю нохчийн дешнийн грамматикин характеристика, нохчийн меттан грамматикин йоцца очерк а ю юкъатоьхна. Электронная версия: Мациев. А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь, шеца нохчийн меттан йоцца грамматически очерк а йолуш. 20000 дош. 619 агIо. Электронан верси ерриг а оригиналца йогIуш ю, диакритически хьаьркаш цхьаьна: мукъачу аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, кхийолу символш. Словаран электронан верси кечъеш дакъалаьцна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин белхалоша  Умархаджиев С.М., Израилова Э.С., Султанов З.А., Астемиров А.В.,  НПУ-н математикин а, компьютерийн технологийн а факультетан студенташа. Словарь…

  • Керланаш

    Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар

    Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра. Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю,…

  • Керланаш

    Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

    Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс. Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду.     Масала: уровень адаптации – дIатарйаларан тIегIа ссылка – тIетовжар раскладка клавиатуры – Пилгуна маьIна хийцар Юкъаялош керла терминаш ю нохчийн маттахь: пилгу – клавиатура, …