Коьрта агIо » Керланаш » Оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам

Оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам

Хууш ма-хиллара, мотт цхьана гӀуллакхехь лело баьккхича, цо кхиарехьа керла гӀулч йоккху, хӀунда аьлча, оцу хьело меттан керла гӀирсаш, кепаш лоьхуьйту, оцу маттах пайдаэцар мелла совдоккху. Ткъа информацин технологишна мотт юкъабалор – иза и процесс къаьсттина жигарйоккхур йолуш болх бу. Таханлерачу дийнахь дешар, Іилма, искусство, юкъараллин институташ – оцу массо а сферашкахь хьашташ кхочушдеш ю информацин технологиш. Меттан коьчалца болх беш йоцу программашца а шатайпа «къамел» хуьлу пайдаэцархочун: интерфейс, нисдарш, программин башхаллаш – и дерриг маттехула бен хила йиш яц. Цундела компьютерца болу болх бан йиш йолу меттан леларан сфераш дуккха а шорло.
Амма маттах цхьана керлачу декъехь пайдаэцар долалучу хенахь оцу маттахь терминологин бух ца хилча, цу хьокъехь дечу къамелийн а, хаамийн а хатӀ лахарчу тӀегӀанехь хуьлу, цул сов, хӀорамма а кхетамийн чулацам шена-шена хета гӀирсашца гайтарна, цхьа кхетам билгалбеш тайп-тайпана дешнаш хуьлу, ткъа цхьана дешан тайп-тайпана хьостанашкахь – масийтта маьӀна. Цундела керла отраслехь мотт баржар доладелча, цу декъехь терминийн бух кхолларехьа болх дӀабахьа беза.

И бух кхуллуш бечу белхан цхьа дакъа ду отделан белхахоша хӀоттийна йолу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн компьютерийн лексикин дошамна тӀехь бина болх а. Цу тӀехь авторша гулдинарг пхи бӀе сов дош ду, хӀоранца а церан маьӀна а, лелоран башхаллаш а гойту дешнийн цхьаьнакхетарш а дахкош. Вовшахтоьхнарш информацин технологийн декъехь уггар шуьйра лелош долу дешнаш ду – интернет чохь а, программашкахь а, компьютерийн а, телефонийн а декъехь а.

И дошам ерриг а терминех лаьтташ а яц. Цу юкъахь программашкахь, системийн хаамашна юкъахь лелош долу дешнаш а ду далийна, хӀунда аьлча оцу декъехь пайдаоьцуш оцу дешнийн керла маьӀна кхоллало.

Керла терминаш кхуллуш, авторш шайн ма-хуьллу, нохчийн меттан гӀирсех пайдаэца хьоьвсина – цкъацкъа дашна керла маьӀна луш, цкъацкъа маттахь лелаш долу дешнех, дошкхолларан гӀирсех пайда а оьцуш, керла дешнаш кхуллуш а. Амма ишттачу меттехь нохчийн меттан грамматикин а, семанткин а башхаллаш тидаме а оьцуш, массо а бакъонаш ларъян хьоьвсина дошам хӀиттийнарш.
Информацин технологийн сферехь нохчийн меттан терминологи а, лексика а хӀинцца бен кхиа йолаелла яц. Дошам оцу новкъан юьххьехь йохучу гӀулчех цхьаъ ю. Оцу декъехь нохчийн мотт кхиош, терминийн бух кхуллуш болх кхидӀа а бан безаш бу.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

*

code