Керланаш

Нохчийн-оьрсийн дошаман электронан аналог кечйина

2014 шеран мартан 25 дийнахь пайде семиотикин отделан белхалоша А.Г. Мациевн нохчийн-оьрсийн дошам (Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. ГИИНС. М., 1961) терахьийн кепехь кечъеш бен болх чекхбаьккхина.

Цул хьалха кхоьллинера Карасаевн, Мациевн оьрсийн-нохчийн дошаман электронан вариант (Карасаев А. Т., Мациев А.Г. Русский язык. М., 1977). Оцу шинна а дошаман электронан варианташ кхоччуш оригиналашца йогIуш ю. Царна юкъахь хIиттийна ю мукъа аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, идиомийн хьаьркаш, кхин лерина йолу хьаьркаш.

Дошамаш кечъеш, лакхахь билгалъяьхначу хьаьркашца болу болх сихбархьама, белхалоша пайдаоьцура тайп-тайпана макросех, Visual Basic for Applications программаш хIитто меттан гIирсех.

Нохчийн-оьрсийн дошаман скриншот

Нохчийн-оьрсийн электронан дошам секторан белхалоша информацин технологийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам а, нохчийн меттан омографийн дошам а кечъеш, пайдаоьцуш ю.

Оьрсийн-нохчийн- дошаман скриншот.

Омографийн дошамна тIехь болх а чекхболуш бу. Компьютеро нохчийн маттера а, нохчийн матта а гочден система кхуллуш оьшур ю иза. И дошам чIогIа маьIна долуш ю, текст къастош, дешан дукха маьIнаш хиларна кхоллалуш йолу проблемаш дIаяхарехь.

Омографийн дошаман скриншот

Лакхахь ягарйина дошамаш компьютерийн программийн нохчийн локализацин меттан бух бу. Локализаци дIахьош, ян езаш ю нохчийн маттахь нийсаяздар толлу система, офисан программашкахь грамматикин а, стилан а корректор, текст къасторан а, къамел довзаран а системаш.

Пайде семиотикин отделан куьйгалхо

С.М. Умархаджиев

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *