Без рубрики

Нохчийн маттана программаш кечйар

ДӀадаханчу кхаарийн дийнахь вовшахтоьхна йолу семинар нохчийн маттахь тексташца болх бечарна аьттонна отделан белхалоша программаш кечйеш дӀахьуш болу белхан хаттаршна лерина йара.

Белхалоша йийцаре йира отделан Ӏилманан лахара белхалочо Астемиров Арсламбека йеш йолу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн онлайн дошам. Кечйархочо бахарехь, оцу программи тӀехь болу болх цхьа а духьлонаш йоцуш дика дӀабоьдуш бу, цундела пайдаэцархойн кестта аьтто хир бу отделан сайта тӀехь и дошам лело. Иштта чекхбаьлла лара мегар болуш бу «Dasho Dosham» программи тӀехь болу болх а. Нохчийн тайп-тайпана дошамаш чулоцуш йолу и программа сайта тӀера схьа а эцна компйутерш тӀехь лело йиш йолуш хир ю.

ШолгӀа доклад отделан Ӏилманан хьалхара белхалочо Асхабов Хаважис йира. Цо, шена оцу программех хетарг а олуш, цуьнан таронаш шорйан некъаш хьийхира. Цул сов, Хаважис ша йеш йолу программа а гайтира. Цо билгал ма-даккхара, и программа коьртачу декъана нохчийн морфлоги а, морфемика а толлучу филологашна лерина йу.

Иштта семинарехь дакъалоцуш бара Академин меттан а литературин а отделан куьйгалхо Альбеков Нурвадий, оцу отделан белхало Абдулкадыров Адаммий. Абдулкадыров Адама нохчийн локализаци дӀахьуш ийъалучу нохчийн меттан проблемех шена хетарг элира, цул сов, дийцира ша нохчийн меттан тезаурус йеш болийначу балхах. Альбеков Нурвадис билгалдаьккхира Адама болх  нохчийн меттаӀилманехь а, иштта нохчийн мотт информацин технологишкахь баржош а чӀогӀа маьӀна долуш болх хилар.

Пайде семиотикин куьйгалхочо Умархаджийев Салаудис тӀейогӀучу семинаре кхайкхира Абдулкадыров Адаме, цуьнца цхьаьна нохчийн меттан тезаурус йаран а, цунах компйутерийн технологишкахь пайдаэцаран а некъаш, перспективаш а йийцаре йан.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *