Керланаш

Кхеташо

Вирус бахьана долуш цӀахь севнцичул тӀаьхьа дуьххьара кхеташо дӀайаьхьира 25.06.2020 ш. пайде семиотикин декъахь. Цигахь дийцаре дина хаттарш коьртачу декъана карарчу хенахь кхочушбечу белхан башхаллашца доьзна дара.

ТӀаьхьарчу муьрехь отделехь мелла жигара дӀахьучарах бара нохчийн меттан синтез йен программаш кхуллуш бен болх. Цу декъахь дӀахьучу проектан хьалхара этап чекхйолуш лаьтта. Цу йукъа догӀуш дара нохчийн маттахь текстех а, цаьрца йогӀучу озан файлех а лаьтта база кечйар. Кхеташонехь и этап йерзорца, шолгӀа этап йолорца доьзна декхарш дийцаре дира.

ШолгӀа хаттар нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашкахь бинчу хийцамашца доьзна дара. И хийцамаш тӀеэцна хилар бахьана долуш, белхахошна хьалха керла декхарш хӀуьтту, иштта, хьалхо меттан цхьайолу проблемаш йаьстина цахилар бахьанехь севцина лаьттина проекташ тӀехь кхидӀа болх дӀабахьа аьтто а болу.

ТӀедогӀу цхьаьнакхетар онлайн режимехь дӀадахьа сацам хилира пайде семиотикин декъан белхахойн.

2 комментария

  • Амаев Юсуп

    Шун семиотикан отделан (нохчийн) “мотт” уггар аьхна а, товш бог1уш мотт хета таханалерачу СМИ-н “меттанашка” хьаьжча – керла дешнаш, кхийолу 1илманан терминаш вайн маттаца “д1аиейарехь”… Цунах “мотт кхиар” ала дог1у, цхьацца цакхетамаш нислахь а. Оцу г1уллакхт1ехь шу мелла а говзалле кхаьчна аьлла хета, иза – дика кхиам бу… Вайзаманахь кхоьллина компьютерни (технологически) нохчийн мотт вай къоман маттана шен т1е1аткъам беш бен хуьлийла дац. Адамал а хьекъале хета кегийчарна адамаша йина х1уманаш (интернет программаш). Цундела, шун декхар доккха ду, деза ду – аьлла хета, х1унда аьлчи, мелла делахь а, шун говзаллийца а, шу лерина хиларца а доьзна хирду вайн меттан кханалера “дахар”, цуьнца доьзна долу вайн къоман сийлахь-оьзда г1иллакхаш, хаза 1адаташ… Нохчийн мотт 1алашбарехь а, кхиорехь а Дала аьтто бойла! Ларамца.

Добавить комментарий для admin Отменить ответ

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *