Издательский Дом: Интеллигент, бохучу дешан масийтта маь1на ду. Царех уггар коьрта-шен халкъана, махкана пайдехь хилар, пайда хинболу х1ума лехар, г1уллакхаш т1ехь иза гайтар ду. Къамелашкахь дукха дуьйцу вай оцу гонаха долу х1ума: мохк, къам, мотт бохуш, бакъдерг аьлча, к1ордадеш а хуьлу, к1орда йиш йоцург. Амма г1уллакхаш т1ехь оцу мехалийн маь1на кхочушдеш гича, цецволу. Боккъал шен къам, мотт безар-иза церан дуьхьа г1уллакхаш дар ду. Хабарш ца дуьйцуш, кхайкхамаш ца беш, х1ун дича, х1ун нислур дара-те бохуш. Иштта оцу 1алашонца, нохчийн маттахь арадолучу журналашна йазвала вайн редакце веара нохчийн маттана даим г1ароллехь лаьтташ волу физикин-математикин 1илманан доктор, НР Академин пайде семиотикин декъан куьйгалхо Умархаджиев Салауди. Нохчийн йозанехь къахьоьгучарна доккха совг1ат ду Салаудис куьйгалла дечу декъо бина болх:тахана массо а ву Дикадошамах пайдаоьцуш. Ч1ог1а аттаче баьккхина дошамийн Эл.приложени бахьана долуш. Салауди а, цуьнан накъостий х1ор денна хьанал къахьоьгуш бу, церан белхан мах хадийна вер вац. Ойла кхоллало, ма дика ду иштта болу нах вайн халкъан болуш. Салауди бакъволу нохчийн къонаха, 1илманча, мехкан к1ант, Дала сий дойла хьан!