• Без рубрики

    Отдело 2014-2018 шш. биначу балхах

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отдело 2014-2018 шш. биначу балхах Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьн а, Правительствон а Администрацин юкъараллин кхиаран урхаллин куьйгалхочуьн И.И. Ахмадовн Администрацин Куьйгалхочун А.М. Израйиловн  нохчийн мотт кхидIа а кхиоран, нохчийн маттахь йолчу исбаьхьаллин литературин а, хаамийн гIирсийн а мах хадоран Экспертни кхеташонан цхьаьнакхетарна кечам баран хьокъехь тӀедиллар кхочушдеш диначу дехарца кечйина информации. Скачать

  • Без рубрики

    «DoshStat» программин тоьшалла

    ХӀокху деношкахь отделан белхахоша йина йолу «DoshStat» программин тоьшалла схьакхаьчна. И программа нохчийн маттахь йолу тексташкахь дешнийн кест-кесталлица боьзна талламашна лерина ю. И санна йолу программашна юккъехь, нохчийн мотт «хаарал» сов, кхин а цхьацца техникин агӀо башхаллаш ю DoshStat-ан. Масала, цо яккхий файлаш (1-2 млн. дош чулоцуш йолу) чӀогӀа сиха толлу. Цул сов, цкъа дӀайолийча, цо масийтта тайпана файлашца цхьаьна болх бо: pdf, txt, doc, docx, odt, xlsx, htm, html, rtf. Кхин а цхьацца гӀуллакхаш кхочушдо оцу программо, талламхошна пайдехь хир долуш: шена билгалйиначу хӀора а файлехь ша-ша къастош я йоллу базин юкъара а дешнийн а, хьаьркийн а дукхалла гойту; къастийначу билгалонашца догӀу дешнаш схьалоху; тексташкахь хӀора а дешан лелоран…

  • Без рубрики

    Нохчийн меттан Денна лерина конференци

    Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара. Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца. Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а   АСХАБОВ ХАВАЖИ ИСМАИЛОВИЧ Нохчийн…

  • Без рубрики

    Евзаш йолу Ӏилманча Академехь хьошалгӀахь

    Март беттан 24-чохь пайде семиотикин отделе хьошалгӀа еънера вайн махкахь а, махкал арахьа а евзаш йолу нохчийн меттаӀилманча Хамидова Зулай. Зулайс, Ӏилманехь болх бина ца Ӏаш, нохчийн мотт баржорехь, марзбарехь къахьоьгу. Иштта цуьнан араевлла нохчийн мотт цахуучарна пайдехь хир йолуш дуккха а книгаш: берашна лерина «Нохчийн мотт Ӏамабе вай» сери, нохчийн-оьрсийн къамелдарг, «Къамел де вай» книга, транскрипци а ялош, вовшахтоьхна нохчийн-оьрсийн дошам, кхиерш а. Зулайс шен араевллачу книгех, царна тӀехь ша бечу балхах дийцира отделан белхахошка. Цо дийцарехь, Москвара тайп-тайпана учрежденешкахь а лаккхара мах хадийна цуьнан белхийн. Иштта З. Хамидовас нохчийн орфографин, графикин хьокъехь шена хетарг элира, цо цу декъехь йолу проблемаш а, уьш дӀаяхаран некъаш а билгалдехира. Отделехь бечу балхах…

  • Без рубрики

    Рогӏера цхьаьнакхетар

    ДӀадаханчу кхаарин дийнахь отделехь рогӀера цхьанакхетар дӀадаьхьира. Бийцаре беш, коьртачу декъана, отделан белхахоша компьютерийн программийн нохчийн локализацехьа бен карара болх бара. Меттан а, литературин а декъан Ӏилман белхахочо Абдулкадыров Адама ша лексикографехь бечу балхах дийцира. Карарчу ханна нохчийн меттан тезауруссий, синонимийн дошаммий чекхъяьккхина цо. И ший а болх 2018 шарахь арахеца безаш бу. ХӀинца ша керла болх дӀаболийна хилар хаийтира цо – нохчийн меттан ранган кестталлин дошам. Абдулкадыров Адама бен белхаш нохчийн мотт хаамийн декъехь баржарехь йоккха мехала йолуш бу. Оцу белхийн материалах программаш чохь пайдаэца таро хилийта агӀонаш лохуш ву пайде семиотикин отделера Ӏилман белхахо Султанов Зелим. Уггар хьалха и информаци редакторш чу йилла еза, хӀунда аьлча, дукхахьолахь текстаца…

  • Без рубрики

    2017 шеран тӀаьххьара кхеташо

    Декабран 27 дийнахь тӀаьххьара цхьаьнакхетар дӀадаьхьира пайде семиотикин отделехь. Шарахь тӀаьххьара йолу семинар кечйиначу стоьлана гонахьа дӀаяхьар ламасте дирзина ду отделехь. Кху шарахь а иштта паргӀат а, самукъане а дӀадахара рогӀера цхьаьнакхетар. Умархаджиев Салаудис дӀадаханчу шеран жамӀаш а деш, тӀейогӀучу ханна цхьацца декхарш билгалдехира. Иштта цу хьокъехь дош делира отделан белхахошка. 2017 шарахь биначу белхан мах хадош, довхачу дешнашца вистхилира НРӀА вице-президент Дадашев Райком а. Отделехь бен болх чӀогӀа мехала а, тӀаьхьало йолуш а хилар билгалдаьккхира цо.

  • Керланаш

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отделан белхан коьрта жамӀаш

    Программаш 2017 шарахь отделан белхахоша нохчийн маттаца болу балхана лерина масех программа йина. Царах цхьаерш отделехь бен болх аттачу боккхуш йина белхан программаш ю, амма цхьаерш шуьйрачу гонашкахь пайдаэца йиш йолуш приложенеш а ю. Царех цхьаъ ю нохчийн меттан тезаурусан коьчалца балхана лерина «Нохчийн тезаурус» веб-программа (http://ps95.ru/tezaurus/). Оцу программо таро ло нохчийн маттахь дешнийн синонимашца а, иштта вовшашца зӀенаш йолу кхетамаш билгалбен дешнашца а болх бан. Программа, шуьйрачу гонашна лерина хиларе терра, лело атта хир йолуш кечйина ю. Гергара дош, яздиначу дашна лехна а ца Ӏаш, цунна гергарчу дешнашна а лоху программо, оьшу дош тӀетаӀийчахьана. Билгалдаккха деза, цкъачунна оцу программин электронан чкъуьйригна тӀехь болу болх бен бац чекхбаьлла. Программин чулацам…