• Без рубрики

    Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де

    2011 шарахь дуьйна, 10 –гӀа май Нохчийн Республикин Мехк-Ден Указаца тӀе а чӀагӀдина, Нохчийчохь массанхьа а пачхьалкхан тӀегӀанехь лоруш, Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де аьлла кхайкхийна. ХӀокху дийнахь республикин маьждигашкахь нохчийн къам махках даьккхинчу йукъана а (1944-1957шш.), шина тӀамехь а (1994-1996шш, 1999-2000 шш.) дӀакхелхинарш дага а лоьцуш доӀанаш до. Иштта республикехь зуькарш до, сагӀанаш доху, мискачу нахана жижиг дӀасхьадоькъу. Маьждигашкахь хилла ца Ӏаш, массо а министерствошкахь а, ведомоствошкахь а дӀахьо и белхаш. Дукха беза мах белла вайн къомо таханлерчу машаречу хорша дахар даккха сатуьйсуш. Мел дӀакхелхина вайн нах къам Сибрех кхалхийча, мел дукха тезаташ лаьтти Нохчийчохь шина тӀеман хенахь. Дуьненйукъарчу терроризмаца къийсам латтош гӀазотехь дӀакхелхира Нохчийн Республикин…