Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра. Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю,…
-
-
Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх
Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс. Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду. Масала: уровень адаптации – дIатарйаларан тIегIа ссылка – тIетовжар раскладка клавиатуры – Пилгуна маьIна хийцар Юкъаялош керла терминаш ю нохчийн маттахь: пилгу – клавиатура, …