Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара. Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца. Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а АСХАБОВ ХАВАЖИ ИСМАИЛОВИЧ Нохчийн…