• Без рубрики

    Евзаш йолу Ӏилманча Академехь хьошалгӀахь

    Март беттан 24-чохь пайде семиотикин отделе хьошалгӀа еънера вайн махкахь а, махкал арахьа а евзаш йолу нохчийн меттаӀилманча Хамидова Зулай. Зулайс, Ӏилманехь болх бина ца Ӏаш, нохчийн мотт баржорехь, марзбарехь къахьоьгу. Иштта цуьнан араевлла нохчийн мотт цахуучарна пайдехь хир йолуш дуккха а книгаш: берашна лерина «Нохчийн мотт Ӏамабе вай» сери, нохчийн-оьрсийн къамелдарг, «Къамел де вай» книга, транскрипци а ялош, вовшахтоьхна нохчийн-оьрсийн дошам, кхиерш а. Зулайс шен араевллачу книгех, царна тӀехь ша бечу балхах дийцира отделан белхахошка. Цо дийцарехь, Москвара тайп-тайпана учрежденешкахь а лаккхара мах хадийна цуьнан белхийн. Иштта З. Хамидовас нохчийн орфографин, графикин хьокъехь шена хетарг элира, цо цу декъехь йолу проблемаш а, уьш дӀаяхаран некъаш а билгалдехира. Отделехь бечу балхах…