ДӀадаханчу кхаарин дийнахь отделехь рогӀера цхьанакхетар дӀадаьхьира. Бийцаре беш, коьртачу декъана, отделан белхахоша компьютерийн программийн нохчийн локализацехьа бен карара болх бара. Меттан а, литературин а декъан Ӏилман белхахочо Абдулкадыров Адама ша лексикографехь бечу балхах дийцира. Карарчу ханна нохчийн меттан тезауруссий, синонимийн дошаммий чекхъяьккхина цо. И ший а болх 2018 шарахь арахеца безаш бу. ХӀинца ша керла болх дӀаболийна хилар хаийтира цо – нохчийн меттан ранган кестталлин дошам. Абдулкадыров Адама бен белхаш нохчийн мотт хаамийн декъехь баржарехь йоккха мехала йолуш бу. Оцу белхийн материалах программаш чохь пайдаэца таро хилийта агӀонаш лохуш ву пайде семиотикин отделера Ӏилман белхахо Султанов Зелим. Уггар хьалха и информаци редакторш чу йилла еза, хӀунда аьлча, дукхахьолахь текстаца…