• Без рубрики

    2017 шеран тӀаьххьара кхеташо

    Декабран 27 дийнахь тӀаьххьара цхьаьнакхетар дӀадаьхьира пайде семиотикин отделехь. Шарахь тӀаьххьара йолу семинар кечйиначу стоьлана гонахьа дӀаяхьар ламасте дирзина ду отделехь. Кху шарахь а иштта паргӀат а, самукъане а дӀадахара рогӀера цхьаьнакхетар. Умархаджиев Салаудис дӀадаханчу шеран жамӀаш а деш, тӀейогӀучу ханна цхьацца декхарш билгалдехира. Иштта цу хьокъехь дош делира отделан белхахошка. 2017 шарахь биначу белхан мах хадош, довхачу дешнашца вистхилира НРӀА вице-президент Дадашев Райком а. Отделехь бен болх чӀогӀа мехала а, тӀаьхьало йолуш а хилар билгалдаьккхира цо.

  • Керланаш

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отделан белхан коьрта жамӀаш

    Программаш 2017 шарахь отделан белхахоша нохчийн маттаца болу балхана лерина масех программа йина. Царах цхьаерш отделехь бен болх аттачу боккхуш йина белхан программаш ю, амма цхьаерш шуьйрачу гонашкахь пайдаэца йиш йолуш приложенеш а ю. Царех цхьаъ ю нохчийн меттан тезаурусан коьчалца балхана лерина «Нохчийн тезаурус» веб-программа (http://ps95.ru/tezaurus/). Оцу программо таро ло нохчийн маттахь дешнийн синонимашца а, иштта вовшашца зӀенаш йолу кхетамаш билгалбен дешнашца а болх бан. Программа, шуьйрачу гонашна лерина хиларе терра, лело атта хир йолуш кечйина ю. Гергара дош, яздиначу дашна лехна а ца Ӏаш, цунна гергарчу дешнашна а лоху программо, оьшу дош тӀетаӀийчахьана. Билгалдаккха деза, цкъачунна оцу программин электронан чкъуьйригна тӀехь болу болх бен бац чекхбаьлла. Программин чулацам…

  • Керланаш

    Нохчийн мотт редакторш чу билларехьа белхаш

    Декабран 13-чохь отделехь Ӏилманан семинаран рогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьира. Биначу балхах докладаш еш Ӏилманан хьалхара белхахо Асхабов Хаважий, Ӏилманан белхахо Бекаев Мовсаррий вара. Мовсара нохчийн мотт Word программи чу баккхаран белхан хьолах дийцира. Бутт хьалха Microsoft компанин сайта тӀера форумехь цу хьокъехь хаам битинера Академин белхахоша (https://word.uservoice.com/forums/304924-word-for-windows-desktop-application/suggestions/32108578-chechen-spelling-dictionary?page=1&per_page=20). Оцу хаамна кхаж тасар жигара дӀадоьдуш а ду, къаьсттина тӀаьхьарчу деношкахь. Мовсара дийцира, ша Microsoft корпорацин белхахошца зӀене вийлина хилар: цкъа хьалха Москвара филиалера, цул тӀаьхьа Америкера офисера а. Цо дийцарехь, цу гӀуллакхна тӀеӀаткъам бан йиш йолуш коьрта офисера кхоллархой (разработчики) бен бац. Цигара векалша Мовсаре хаийтина, шайна и хаам гина хилар а, шаьш и тидаме эцна хилар а. Амма кхин кхачаме жоьпаш ца…

  • Без рубрики

    Word программи чохь нохчийн мотт хилийта

    Отделехь болийначу белхех юьхьанца дуьйна коьртачех лоруш дӀахьуш бу нохчийн маттахь йолу текстан нийсаяздар толлу программа ярехьа беш болу талламаш, практикин белхаш. Цу хьокъехь отдел йилличхьана массо агӀора тайп-тайпана белхаш бина белхахоша: офрографин цхьадолу хаттарш къасторна тӀера грамматикин башхаллийн алгоритмаш хӀитторна тӀе кхаччалц. ХӀинца, отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салаудис билгал ма-даккхара, отдел кийча ю нохчийн мотт нийсаяздар толлу муьлхха а системи чу баккха. Амма дуьнен чохь уггар шуьйра лелош йолу Windows системин Word программи чохь и хилийта, беккъа Академехь бечу балхах кхачам ца хуьлу, и гӀуллакх, тӀе а лаьцна, дӀадахьа деза Microsoft корпорацис. Microsoft компанига и гӀуллакх доладахьара аьлла, дехар дитина отделан белхахоша церан цу гӀуллакхна леринчу форум тӀехь. Корпорацин белхахойн…

  • Керланаш

    Оьрсийн-нохчийн, нохчийн-оьрсийн компьютерийн лексикин дошам

    Хууш ма-хиллара, мотт цхьана гӀуллакхехь лело баьккхича, цо кхиарехьа керла гӀулч йоккху, хӀунда аьлча, оцу хьело меттан керла гӀирсаш, кепаш лоьхуьйту, оцу маттах пайдаэцар мелла совдоккху. Ткъа информацин технологишна мотт юкъабалор – иза и процесс къаьсттина жигарйоккхур йолуш болх бу. Таханлерачу дийнахь дешар, Іилма, искусство, юкъараллин институташ – оцу массо а сферашкахь хьашташ кхочушдеш ю информацин технологиш. Меттан коьчалца болх беш йоцу программашца а шатайпа «къамел» хуьлу пайдаэцархочун: интерфейс, нисдарш, программин башхаллаш – и дерриг маттехула бен хила йиш яц. Цундела компьютерца болу болх бан йиш йолу меттан леларан сфераш дуккха а шорло. Амма маттах цхьана керлачу декъехь пайдаэцар долалучу хенахь оцу маттахь терминологин бух ца хилча, цу хьокъехь дечу…