• Без рубрики

    Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де

    2011 шарахь дуьйна, 10 –гӀа май Нохчийн Республикин Мехк-Ден Указаца тӀе а чӀагӀдина, Нохчийчохь массанхьа а пачхьалкхан тӀегӀанехь лоруш, Нохчийн Республикин къаьмнийн Иэсан а, лазаман а де аьлла кхайкхийна. ХӀокху дийнахь республикин маьждигашкахь нохчийн къам махках даьккхинчу йукъана а (1944-1957шш.), шина тӀамехь а (1994-1996шш, 1999-2000 шш.) дӀакхелхинарш дага а лоьцуш доӀанаш до. Иштта республикехь зуькарш до, сагӀанаш доху, мискачу нахана жижиг дӀасхьадоькъу. Маьждигашкахь хилла ца Ӏаш, массо а министерствошкахь а, ведомоствошкахь а дӀахьо и белхаш. Дукха беза мах белла вайн къомо таханлерчу машаречу хорша дахар даккха сатуьйсуш. Мел дӀакхелхина вайн нах къам Сибрех кхалхийча, мел дукха тезаташ лаьтти Нохчийчохь шина тӀеман хенахь. Дуьненйукъарчу терроризмаца къийсам латтош гӀазотехь дӀакхелхира Нохчийн Республикин…

  • Керланаш

    Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам арайаьккхина

    Нохчийн меттан денна доллу къомана совгӀат дина Нохчийн меттан нийсайахдаран дошам тӀехь къахьоьгучу белхан тобано. Карарчу шеран апрель баттахь оцу Дошаман 10 том арайаьлла. Иза 2020 шеран апрель беттан 29 дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана №83 йолчу Указца тӀечӀагӀйинчу «Нохчийн меттан коьрта бакъонашца» хӀоттийна йу. Дошам нохчийн мотт Iамочарна, оцу маттаца болх бечарна лерина йу. Нохчийн литературин маттахь лелаш долу дешнаш а, дешнийн кепаш а йалийна цу тIехь. «Хьалхарчу дашехь» бовзийтина Дошаман дIахIоттам а, карлайаьхна нохчийн меттан орфографин цхьайолу бакъонаш а. Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам хӀоттош, къахьийгира Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин а, Нохчийн меттан институтан а, ВУЗ-ийн а белхахоша. Царна йукъахь бара Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде…

  • Керланаш

    Хьомсара доттагIий! ХIокху рубрикехь оха шуна бовзуьйту вайн махко дозалла дан хьакъболу нах. Царах цхьаъ ву физикин-математикин Iилманийн доктор Умархаджиев Мусан Салавди.

    Вайна ма-хаъара, уггар хала а, коьрта а лоруш Iилма ду математика. «Массо а Iилманийн эла ю математика», – аьлла цунах хьекъалчаша. Жимчохь дуьйна математикица уьйр ерг тидам болуш, хIуманан хьесап дан хууш, муьлххачу а хIуманна тIаьхьакхиа хьекъал, ойла а ира йолуш кхуьу. Математико кхечу Iилманашна а тIекхиаво. ЦIеяхханчу  илманчо М.Ломоносовс аьлла:  Математика Iамо хьакъ ю, цо хьан ойла низамехь а латтош, нийса хьесап дойту дела». Салавдис жимчохь дуьйна вара математикица гергарло долуш. Цуьнан да Умархаджиев Муса экономист вара. Церан цIахь яра дагарден машен Арифмометр. ХIинцалера калькулятор ю иза. Салавдис, хазахеташ, тидам бора, дас цу тIехь дагардеш а, терахьашца хьесапаш деш а. Дех арифмометр мукъаяьлча, жимачу Салавдис «болх» бора цу тIехь. Иштта тасаделира цуьнан терахьашца гергарло. Шеко а йоцуш,…

  • Керланаш

    Перевод на вайнахский.

    В Чечне занялись локализацией приложений и компьютерных программ В Грозном группа ученых решила локализовать компьютерные программы и мобильные приложения. Локализация в общем смысле предполагает языковую и культурную адаптацию цифровых продуктов исходя из национальных особенностей отдельных регионов. В России программы, приложения, видеоигры чаще всего выпускаются на русском и английском языках. Работа северокавказских ученых позволит перевести их на чеченский. Примечательно, что проект, который предполагал на старте главным образом проверку правописания набранных на чеченском языке текстов, в итоге подстегнул развитие национальной грамматики в целом. Работой занимаются в отделе семиотики Академии наук Чеченской Республики. Как рассказал корреспонденту “РГ” заведующий отделом, доктор физико-математических наук Салаудин Умархаджиев, к ней приступили в 2014 году. – Сейчас повсеместно…

  • Керланаш

    Семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира

    13.01.2021ш. пайде семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира. Карарчу хенахь кхолладеллачу хьолехь тӀаьххьара цхьаьнакетарш тайп-тайпана зӀенийн гӀирсех пайда а оьцуш дӀахьош ду. Иштта Zoom платформин гӀоьнца хилира таханлера кхеташо а. Цхьаьнакхетарехь дийцаре динарш, коьртачу декъана, тӀедогӀучу шеран декхарш дара. Декъан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис дийцира дӀадаханчу шарахь кхоьллина йолу нохчийн меттан синтезан система кхидӀа кхиош, цуьнан белхан тӀегӀа лакхадоккхуш, бан безачу балхах, цу декъахь тӀеоьшуш болчу талламех. Султанов Зелима билгалдаьккхира оцу системин база тӀейузуш хилар, цу чохь йолу материалаш дикка совйаьхначул тӀаьхьа оцу программин болх кхин а толург хилар. Синтез йеш пайдаоьцу цхьайолу модульш тӀе ца кхиийча, оцу системин болх лакхарчу тӀегӀан тӀехь хирг хиларх шеконаш хилар хаийтира Бадаева Ӏайшата. Оцу декъехь йолу…

  • Керланаш

    TerahYoza

    Пайде семиоткин декъан белхахоша рогӀера программа йина.  TerahYoza программо цифрашца дӀайаздина терахь элпийн йозане доккху, нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш а ларйеш. Цул сов, цо къастадо, терахьдош рогӀаллин ду йа масаллин. Цуьнга хьаьжжана хуьлу цо кхуллу йоза а. Амма, билгалдаккха деза, и функци хӀинца а кхоччуш хилийта оьшу талламаш хӀинца а бина бац, цундела оцу декъехь гӀалат дан тарлуш ду программо. TerahYoza Программа Pithon маттахь йазйина йу. Иза “РОСПАТЕНТ” Интеллектан долаллин федеральни агентствехь регистраци йина йу.

  • Керланаш

    Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель

    2020 шеран октябран 13-чу дийнахь НР ӀА Матаериалаш талларан туьшан а, РӀА КӀТИ физикин-математикин талламийн декъан а цхьаьнатоьхна Ӏилманан семинаран кхеташо дӀайаьхьира. Умархджиев Салавдис “Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель” цӀе йолу шен болх бовзийтира. И болх бийцаре беш, жигара къамел хилира гулбеллачеран. Дадашев Райкома лаккхара мах хадийра Ӏилманчас биначу талламийн.

  • Керланаш

    Проекто грант йаьккхина

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академехь а,  М. Д. Миллионщиковн цӀарах мехкадаьттан университетехь а нохчийн меттан синтезан система кхолларехь болх бу дӀахьош. Оцу декъахь йолу проекто грант йаьккхина. Проектан куьйгалхо НР ӀА лакхара Ӏилманан белхахо, Мехкадаьттан университетан лакхара хьехархо Израилова Элиса йу.  Ӏилманан гонашкахь йуьхьанца дуьйна къобалбеш бу оцу декъехь болх. Цул сов, Ӏилманан а, технически а агӀо бух болуш и болх болийна хиларан тоьшалла ду “Нохчийн меттан синтез йен а, къамел девза а система кхоллар” проект Инновацешна накъосталлин фондан “Старт” программин толамхошна йукъахь хилар. “Вайх хӀора а къамел дан а, цунах кхета хууш ву, цундела адаман меттанийн системаш кхиаро лерина хаарш доцуш компьютерца болх бан аьтто бийр бу нехан, телефонех, оцу тайпа кхечу гӀирсех а пайда а оьцуш”, – дуьйцу…

  • Керланаш

    TXTFILTERER

    Отделан белхахоша коьллинчу TXTFILTERER программо аьтто бо тайп-тайпана файлаш чуьра дешнийн материал вовшашца йуста. Цо толлу цхьана файл чуьра дешнаш эталон санна билгалйаьккхинчу файл чохь дуй а дац. Ший а файл пайдаэцархочо шен лаамехь ша къасто йиш йолуш йу. карарчу хенахь программех шуьйра пайдаоьцуш бу отделехь нохчийн мотт компьютер чу билларехь къахьоьгуш болчу белхахоша а, иштта лексикографин декъехь болх беш болчу филологаша а. Программо тайп-тайпана текстан файлашца болх бо: pdf, txt, doc, docx, xls, odt и. д. кх.

  • Керланаш

    ELP-I_FOR_LINUX

    Нохчийн тексташкахь «Ӏ» элп йазден программица хӀинца LINUX системи чохь а болх бан аьтто бу. Оцу программо нохчийн матахь йолу тексташца болх гӀеххьа аттачу боккху. Цул сов, цо нохчийн меттан нийсайаздар толлу программа кхуллуш хила тарло цхьайолу дуьхьалонаш дӀайоху. Программо кхучушден гӀуллакх: программа компьютер тӀе дӀахӀотийнчул тӀаьхьа муьлхха а программи чохь (текстан редактор, браузер йа кхин), оьрсийн клавиатурица болх беш, «йуханехьа слеш» пиллиг («\») тӀетаӀорца «Ӏ» элп йаздо; иштта LibreOffice Writer документ чохь Alt+I пиллигаш цхьабосса тӀетаӀийча, «Ӏ» элпана метта йаздина массо а «1» цифраш дӀанисдо, уьш элпашца хуьйцуш