2013 шарахь НР ӀА вице-президента Дадашев Райкома дӀаболийра компйутерийн программийн нохчийн локализаци дӀайахьа хьелаш кхолларехьа болх. Цу хьокъехь кхоьллина йара НР ӀА МПЦ пайде семиотикин сектор. Хьалхара шарахь секторехь къахоьгуш ши белхало вара: отделан куьйгалхо, Ӏилманан белхало. Шо даьлча, секторе кхи кхо белхало схьаийцира, уьш берриш а компйутерийн технологйн декъехь специалисташ бара. Секторан куьйгалхо. Умархаджийев Салауди ГӀезалойн Республикин Ӏилманан академин «Пайде семиотика» Ӏилманан-талламан институте вахара. Цигахь цунна оцу институтехь дӀахьуш болу компйутерийн лингвистикин а, программийн локализацин а декъехь беш болу белхаш боьвзира.
Локализаци йеш болх НР ӀА меттан а, литературин а отдело дакъа а лоцуш дӀахьуш бара. Амма отделехь бечу белхийн барамо а, церан башхаллаша а гойтура цу декъехь къахьега отделана шен филолог везаш хилар. 2014 шарахь отделехь ши филолог болх бан волавелира. Оццу шарахь секторах отдел йира.
Карарчу хенахь отделехь къахьоьгуш ялх белхало ву. (ссылка на страницу сотрудников) Уьш тайп-тайпана белхаш дӀакхоьхьуш бу. Царна йукъахь уггар хьалха кхочушдан дезаш билгалдаьккхина ду нохчийн меттан нийсайаздар толлу программа кхоллар а, нохчийн меттан лингвистикин талламийн буха тӀехь цуьнан база кхоллар а. И йоцуш мотт кхиамца информацин технологийн декъехь баржалур бац.