• Керланаш

    Кхеташо

    Вирус бахьана долуш цӀахь севнцичул тӀаьхьа дуьххьара кхеташо дӀайаьхьира 25.06.2020 ш. пайде семиотикин декъахь. Цигахь дийцаре дина хаттарш коьртачу декъана карарчу хенахь кхочушбечу белхан башхаллашца доьзна дара. ТӀаьхьарчу муьрехь отделехь мелла жигара дӀахьучарах бара нохчийн меттан синтез йен программаш кхуллуш бен болх. Цу декъахь дӀахьучу проектан хьалхара этап чекхйолуш лаьтта. Цу йукъа догӀуш дара нохчийн маттахь текстех а, цаьрца йогӀучу озан файлех а лаьтта база кечйар. Кхеташонехь и этап йерзорца, шолгӀа этап йолорца доьзна декхарш дийцаре дира. ШолгӀа хаттар нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашкахь бинчу хийцамашца доьзна дара. И хийцамаш тӀеэцна хилар бахьана долуш, белхахошна хьалха керла декхарш хӀуьтту, иштта, хьалхо меттан цхьайолу проблемаш йаьстина цахилар бахьанехь севцина лаьттина проекташ тӀехь…

  • Керланаш

    Elp-Az – нохчийн маттана лерина керла программа

    Нохчийн Республикин ӏилманийн академин белхахоша нохчийн маттахь йолу тексташца компьютеран гӏоьнца болх бен рогӏера программа кхоьллина. Оцу программо нохчийн маттахь долу йозанан транскрипци йеш аьтто бо. И кхуллуш коьртачарах дара нохчийн маттахь, латиницин системин хьаьркашца дуьстича, алсам нислун аьзнаш билгалдахарца доьзна хаттарш. И проблема кхочушйарехь жимма хьалхо вовшахтоьхначу AZBAT цӏе йолу нохчийн меттан аьзнийн технически алфавито аьтто бира. Цуьнан буха тӏехь йина йу программа. Цуьнан гӏоьнца нохчийн маттахь тексташна транслитераци йало. Программа кхуллуш, пайдаэцна мотт Pithon бу. Цо болх бо Windows а, Linux а системашкахь.

  • Керланаш

    AZBAT – нохчийн меттан аьзнийн технически алфавит

    Нохчийн мотт компьютерийн технологешка буьллуш йуьхьанца дуьйна къасто дезачу хаттарех цхьаъ дара нохчийн маттахь йоза компьютере дешалур долуш цхьа некъ билгалбаккхар. И проблема къаьсттана кхочуш ца йича ца йолуш йара нохчийн меттан синтезан хьокъехь болх дӀаболийча. Оцу декъахь бечу белхан куьйгалла деш йолчу Израилова Элисас цу тӀера дӀаболийра шен талламаш. Уггар хьалха кхочушдан дезарг – иза нохчийн массо а аз компьютеро муьлххачу а хьолехь нийса дӀадоьшур долчу латинийн хьаьркашца билгалдоккхуш система хӀоттор дара. Йуьхьанца атта хеташ делахь а, хила ма-йезза система хӀотто воьлча, чолхе гӀуллакх ду иза. Оцу чолхенан коьрта бахьана нохчийн маттахь аьзнаш шорта хиларца доьзна ду, латиницин хьаьркаш кӀезиг а йолуш. Коьмпьютеро дешалур долу йоза кхуллуш могӀанна тӀехь…

  • Керланаш

    Впервые создана система синтеза чеченской речи

    В отделе прикладной семиотики АН ЧР в рамках проекта “Чеченской локализации компьютерных программ” проводится разработка компьютерных программ для создания системы синтеза чеченской речи – чтения текстов на чеченском языке.

  • Без рубрики

    Нохчийн Ӏилманехь кхин цхьа ирхе!

    Умархаджиев Салаудин Мусаевич даггара декъалво докторан диссертаци чӀагӀъярца. Апрель беттан 26 дийнахь Федерале Къилбен университетехь  Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин декъан куьйгалхочун Умархаджиев Салаудин физикин-математикин Ӏилманийн докторан диссертаци чӀагӀъяр дӀадаьхьира. Диссертацин тема: Исследование операторов гармонического анализа в некоторых нестандартных пространствах функций (Фукнцийн цхьайолу кепе йоцу шортенашкахь гармоникин анализан операторш таллар). Салауди! Пайде семиотикин декъан белхахоша даггара декъалво хьо диссертаци кхиамца чӀагӀъярца! Иза хьан дахарехь хилла ца Ӏаш, доллу нохчийн къоман Ӏилманан дахарехь боккха кхиам бу. Вай тешна ду кхидӀа а, вайн маттана а, Ӏилманна а Ӏаламат пайдехь болу Ӏилма кхиорехь а, даржорехь а ахь бечу балха тӀехь кхин а дуккха а ирхенаш хирг хилах. Дала тӀаьхье беркате йойла! Дала…

  • Без рубрики

    Отдело 2014-2018 шш. биначу балхах

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин отдело 2014-2018 шш. биначу балхах Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьн а, Правительствон а Администрацин юкъараллин кхиаран урхаллин куьйгалхочуьн И.И. Ахмадовн Администрацин Куьйгалхочун А.М. Израйиловн  нохчийн мотт кхидIа а кхиоран, нохчийн маттахь йолчу исбаьхьаллин литературин а, хаамийн гIирсийн а мах хадоран Экспертни кхеташонан цхьаьнакхетарна кечам баран хьокъехь тӀедиллар кхочушдеш диначу дехарца кечйина информации. Скачать

  • Без рубрики

    «DoshStat» программин тоьшалла

    ХӀокху деношкахь отделан белхахоша йина йолу «DoshStat» программин тоьшалла схьакхаьчна. И программа нохчийн маттахь йолу тексташкахь дешнийн кест-кесталлица боьзна талламашна лерина ю. И санна йолу программашна юккъехь, нохчийн мотт «хаарал» сов, кхин а цхьацца техникин агӀо башхаллаш ю DoshStat-ан. Масала, цо яккхий файлаш (1-2 млн. дош чулоцуш йолу) чӀогӀа сиха толлу. Цул сов, цкъа дӀайолийча, цо масийтта тайпана файлашца цхьаьна болх бо: pdf, txt, doc, docx, odt, xlsx, htm, html, rtf. Кхин а цхьацца гӀуллакхаш кхочушдо оцу программо, талламхошна пайдехь хир долуш: шена билгалйиначу хӀора а файлехь ша-ша къастош я йоллу базин юкъара а дешнийн а, хьаьркийн а дукхалла гойту; къастийначу билгалонашца догӀу дешнаш схьалоху; тексташкахь хӀора а дешан лелоран…

  • Без рубрики

    Нохчийн меттан Денна лерина конференци

    Апрель беттан 23-чу дийнахь Нохчийн меттан денна лерина конференци дІаяьхьира Нохчийн Республикин Іилманийн Академехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Академера, вузашкара, зорбанан цІийнера белхахой, иштта Соьлжа-ГӀилин вузашкара студенташ а бара. Конференцехь меттан а, литературин а декъера лахара Ӏилманан белхахочун Абдулкадыров Адаман араяьлла йолу дошамийн презентаци а хилира. Ӏилманан белхахоша иза декъалвира Ӏилманан новкъахь цо яьккхинчу йоккхачу гӀулчаца. Пайде семиотикин декъера белхахоша кхо доклад йира: Асхабов Хаважис – «Нохчийн текстан редактор «CheRiter»; Израилова Элисас – «Разаработка программ синтеза речи для чеченского языка»; Бадаева Ӏайшата – «Нохчийн маттахь нийсаяздар компьютер чохь таллар». Шайн докладашкахь белхахоша дийцира тӀаьхьарчу шерашкахь отделехь шаьш бечу балхах, нохчийн мотт компьютер чу баккхарехьа яьхначу гӀулчех а   АСХАБОВ ХАВАЖИ ИСМАИЛОВИЧ Нохчийн…

  • Без рубрики

    Евзаш йолу Ӏилманча Академехь хьошалгӀахь

    Март беттан 24-чохь пайде семиотикин отделе хьошалгӀа еънера вайн махкахь а, махкал арахьа а евзаш йолу нохчийн меттаӀилманча Хамидова Зулай. Зулайс, Ӏилманехь болх бина ца Ӏаш, нохчийн мотт баржорехь, марзбарехь къахьоьгу. Иштта цуьнан араевлла нохчийн мотт цахуучарна пайдехь хир йолуш дуккха а книгаш: берашна лерина «Нохчийн мотт Ӏамабе вай» сери, нохчийн-оьрсийн къамелдарг, «Къамел де вай» книга, транскрипци а ялош, вовшахтоьхна нохчийн-оьрсийн дошам, кхиерш а. Зулайс шен араевллачу книгех, царна тӀехь ша бечу балхах дийцира отделан белхахошка. Цо дийцарехь, Москвара тайп-тайпана учрежденешкахь а лаккхара мах хадийна цуьнан белхийн. Иштта З. Хамидовас нохчийн орфографин, графикин хьокъехь шена хетарг элира, цо цу декъехь йолу проблемаш а, уьш дӀаяхаран некъаш а билгалдехира. Отделехь бечу балхах…