Керланаш

Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс.

Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду.

 

 

Масала:

уровень адаптации – дIатарйаларан тIегIа

ссылка – тIетовжар

раскладка клавиатуры – Пилгуна маьIна хийцар

Юкъаялош керла терминаш ю нохчийн маттахь: пилгу – клавиатура,  иэс – память, халсту- шлюз, кхиерш а.

Астемиров А.: «Цкъа хьалха оха информацин технологийн 500 коьрта термин билгалъяьккхира. Цул тIаьхьа, коьрта дош юкъахь а долуш ро-файлаш юкъара тайп-тайпана дешнийн цхьаьнакхетарш вовшахтуьйхира. РО-файлаш дукха яккхий ю, царна юкъахь эзарнашкахь хаамаш хуьлу. Цундела и болх, сиха бархьама программех пайда а оьцуш, дIабаьхьира. Куьйга уьш лехнехь, масех бутт безар бара, ткъа программин гIоьнца сунна ши де тоьира».

Дошам цкъачунна шина бIогIамалгех лаьтта таблицин кепехь ю, шолгIа бIогIамалг юзаза а йолуш. Цу чохь нохчийн матте гочйина терминаш хила еза. Отделан куьйгалхочо Умархаджиев С.М. уьш гочъяр Iилманан белхалочунна Вагапов Iаьрбина тIедиллина.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *