Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-Нохчийн словарь.– М.: Оьрсийн мотт, 1978.–728 агIо
Аннотаци
Оьрсийн-нохчийн словаро чулоцу 40 эзар гергга хIинцалера оьрсийн меттан дош, алсам лелош йолу Iилманан-техникин терминологи, цул сов, дешнийн маьIна достуш долу дешнийн цхьаьнакхетарш, кицанаш, аларш.
Словарь ешархойн шуьйрачу гонна лерина ю: лакхарчу классийн дешархошна, студенташна, хьехархошна, гочдархошна, зорбанан, радион, телевиденин белхалошна, оьрсийн мотт Iамочарна.
Электронан версии:
Карасаев А.Т., Мациев А.Г.Оьрсийн-Нохчийн словарь.
40 000 дош. 1733 агIо.
Электронан верси ерриг а оригиналца йогIуш ю, диакритически хьаьркаш цхьаьна:
мукъачу аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, кхийолу символш. Словаран электронан верси кечъеш дакъалаьцна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин белхалоша Умархаджиев С.М., Юсупова А.С., Израилова Э.С., Султанов З.А., Астемиров А.В.