Керланаш

Грантана заявка къобалйина хиларх хаам кхаьчна

ХIокху деношкахь хаам кхаьчна физикин-математикин Iилманийн кандидат волу Умархаджиев Салаудин Россин фундаментальни талламийн фонде чуелла йолу проект кхиамца чекхъяьлла хиларх.

Чуелла йолу проект Лебеган шорйинчу шортенийн интегралийн операторийн талламна лерина ю. Проектан куьйгалхо НР Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан заведующи, физикин-математикин Iилманийн кандидат Умархахаджиев С.М. ву. Экспертийн сацамехь билгалдаьккхина ду проектан куьйгалхочун оцу темица боьзна чIогIа маьIна долуш кхиамаш хилар. Ткъа тема теорехь чIогIа хьашт долуш ю.

1992 шарахь Европера шина математика Тадеуш Иванеца, Карл Сбордона функцин шортенийн керла тайпа юкъадаьккхина. Церан Лебеган гранд-шортенаш аьлла цIе дIаяхна. Оцу шортешца йоьзна йолу гармонике анализ тIаьхьарчу шерашкахь жигара кхуьуш йогIуш ю. ХIинца а, тайп-тайпана юххедилларшна тIехула, дуккха а Iилманчаша тIе лерина тидам бохуьйтуш ю и тема. Якобианийн интегрираллин проблемаш бахьанехь юкъаяьхна йолу Лебеган гранд-шортеш дифференциале нисдаларшна а, хийцадаларан хьесапашна а мегаш хилира.

Лебеган гранд-шортеш юкъаяхар, таллар доза долу йиллина дукхалли тIехь билгалъяьхначу функцийн хьокъехь дара. Бан лериначу Iилманан талламан балха тIера Лебеган классикин шортеш шоръяран идейно Лебеган гранд-шортенан кхетам, доза доцу бараман дукхаллин хьокхехь лело таро йина ца Iаш, иза кхин а шорбо – иштта талла йиш ю даржан гайтам а, дозаллин фукци а хийцалуш йолу Лебеган гранд-шортеш.

Лебеган гранд-шортенех кхетам шорбар тIетийжаш ду Лебеган классике дозаллин шортенийн интерполяцин теориний (Рисс-Торин-Стейн-Вейсан теорема), Макенхауптан терзан башхаллашний.

Харди-Литтлвудан максимале опреаторан, Кальдерон-Зигмундан сингуляре операторан, Риссан потенциалан Лебеган гранд-шортешкахь доза долу дукхаллица боьзна болу ардамаш математикаша хIокху тIаьхьарчу ткъех шарахь дикка теллина бу. Проектан Iалашо и талламаш барамза дукхаллин хьокъехь Лебеган гранд-шортешкахьа шорбар ю.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *